Россин Книгийн палатин 100 шо кхачарна а, Нохчийн Республикин книгийн цхьаъ бен йоцучу издательствон 90 шо кхачарна а лерина Пачхьалкхан унитарни «Книжное издательство» предприятис республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна книгийн ярмарка-гайтам дIабаьхьира хIокху деношкахь Зорбанан цIийнан фойе чохь.
Оцу ярмарке-гайтаме ехкина яра Нохчийн Республикин яздархойн нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина а, гочйина а книгаш а, берийн литература а, историн Iилманийн белхийн книгаш а. Царна юкъахь Россин гIарабевллачу авторийн книгаш а яра. Ерриге а 80 книга яра гайтамехь.
Туьканахьчул а лахарчу мехах книгаш эца таро хилира книгашъешархойн. Карара шо чекхдаллалц хIокху тайпана ярмарка-гайтамаш дIабахьа дагахь ду Издательствон куьйгалла.
М.ДУТУЕВА
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо