ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Россин Журналистийн а, Яздархойн а союзийн декъашхочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан а, яздархочун а, публицистан а Арсанукаев Мусан берашна лерина язйина «Бераллин гIенаш» книга йовзийтира.
Цигахь дакъалоцуш вара республикин Къанойн кхеташонан куьйгалхо, Парламентан депутат Ахмадов Сайд-Iабдул, республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эдуард, «Даймохк» газетан ветеранийн кхеташонан председатель, журналист Магомаев Салавди, оццу кхеташонан декъашхо, журналист Аболханов Хьаьким, яздархой: Лулуев Сайд-Iаьлви, Бурчаев Хьаьлим, Кусаев Iадиз, белхан накъостий, Чуьйри-Эвларчу школин хьехархой, дешархой, Мусан гергарнаш, бевза-безарш.
Книга йовзийтаран суьйре, вовшах а тоьхна, дIахьош вара республикин хьакъволу яздархо, журналист Цуруев Шарип. Хьешашка дош далале хьалха, Мусас язйинчу книгин мах хадийра цо.
– Муса хьехархочун болх бина хиларе терра, берийн психологи дика евзаш ву. Цунна герга хета берашна лерина яздарш. Аттачу маттаца яздина ду цуьнан хIора а дийцар, – элира Шарипа.
Цул тIаьхьа дош делира Ахмадов Сайд-Iабдулле.
– Муса хьехархочун болх битина, яздархо бен вац аьлча, нийса хир дац. Школехь хьехархочун болх бина волчу Мусана буххера дуьйна девза берийн дуьне. Шен дийцаршкахь хIора а дешархочуьнца зIе латтош ву иза. Цо хьоьху берашна къинхетаме муха хила веза а, гIиллакхе, оьзда, шен ден-ненан юьхь ларъеш дика йоI я кIант муха хила веза а. Берашна дийцарш яздеш дукха бац вайн яздархой, Муса саннарш къаьсттина, – дерзийра шен къамел Сайд-Iабдулас.
Берийн книгаш карахь бералле вирзина вара оцу суьйрене веана хIора а гIеметтахIоьттина стаг. Церан иэсехь карладуьйлура бераллера самукъане а, гIайгIане а суьрташ. Сингаттам а, самукъа а хаалора церан яххьаш тIехь. Цхьаьна мIаьргонна ойланашкахь бералле баханчу хьешийн ойла самайоккхуш, вистхиллачу Шарипа дош делира Мусан белхан накъост хилла а ца Iаш, даима а диканехь, вуонехь заманца зийна волчу дикачу накъосте Аболханов Хьаькиме.
– Мусан хIора а дийцаран мотт атта бу, шерра дIаешало. Шен бераллера дагалецамашца яздина ду цуьнан дийцарш. ХIокху заманан берашна хьалхалера зама, бералла муха хилла хоуьйтуш, церан кхетамехь хьалхалерчу заманан сурт атта кхоллалур долуш дика яздина ду уьш. Ткъа шех, авторх дерг аьлча, цо оцу шен дийцарш тIехь берашкахь кхиош дерг шена лууш дерг а, тахана ша воккха хилча, шена лууш дерг а ду. Шегахь йолу комаьршалла, догцIеналла, догдикалла, мотт Iама-бовза лаар, шегахь дерг дерриге а берашна марздан гIерташ къахьоьгуш ву Муса, – элира Хьаькима.
Мусах лаьцна довха дешнаш а олуш, книгин лаккхара мах хадийра гулбеллачара. Оцу кепара Мусас язйина книгаш кхин а арайовла лаар а хаийтира цара.
Цхьаьнакхетар дерзош дош делира авторе Арсанукаев Мусага. Шайн белхан хан йойъуш, ша лерина, шен книгин мах хадо баьхкинчарна баркалла элира цо.
ВЕГИЕВА МАККА
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо