«Машук – 2017»

ХIутосург (май) беттан 19–21-чуй деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь дIаяьхьна «Предмашук» аьлла йолу регионан Iамарон форум.

Оцу кхаа дийнахь дIаяьхьначу «Предмашукан» курсашкахь федеральни тренерша, эксперташа шайна зеделларг а довзуьйтуш, лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьна Iаморан гIуллакхаш.

«Машук – 2017» форумна гайтам барца дIадолийра гIуллакх. Цул тIаьхьа хиллачу пресс-конференцехь къоначеран таро хилира шайн довза луург хатта.

«Предмашукан» директора Л.Крысинас дийцарехь, форуман дешаран программа кегийрхойх дага а бевлла вовшахтоьхна яра. «Предмашукан» тренера Е.Формальновас билгалдаьккхира таханлерчу дийнахь кегийрхошна регионан социальни, экономикин хьал дика девзаш хилар.

– Тхуна боккха кхаъ бу кегийрхойн иштта кхетам хилар а, уьш республика кхиорна саготта хилар а. Кхузарчу кегийрхойн лаамаш бIаьргаш чу ма хьаьжжа гуш бу, уьш кхочушбан арадевлла тхо а ду, – элира цо.

Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас ма-аллара, форуман декъехь регионехь дIахьош дуккха а белхаш бу, кегийрхошна оьшучунна тIехь гIортор а хилла лаьтташ бу министерствон белхахой.

Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон урхаллин куьйгалхочо Е.Драгуновас дийцира «Машук – 2017» форумах лаьцна.

– 85 миллион сом ахча ду «Машукана» лерина билгалдаьккхина. Къилбаседа Кавказерчу кегийрхошна Iаламат дика хьелаш кхоьллина. Шу жигара хилчахьана шаьш дагалаьцнарг кхочушдан аьтто хир бу шун, – бохура цо.

«Предмашукан» дакъалацархоша баркалла элира и гIуллакх вовшахтоьхначарна.

– ХIокху кхаа дийнахь дIаяьхьначу тренингашкахь а, практикумашкахь а дуккха а керланиг довза а, тхайн хаарш тIедуза а таро хилла тхан. Тхаьш кечъечу бизнес-проектийн хIун кеп хила еза а, цунна презентаци муха ян еза а, иштта дуккха а кхидерг а девзина тхуна, – элира «Предмашукан» дакъалацархочо М.Хусейновс.

Хаийта лаьа форум хьаьттан (август) беттан 5–19-чуй деношкахь шина сменехь дIахьуриг хилар (Ставрополан край, Пятигорск, Комсомолийн аре). Хьалхарчу сменин теманаш хIорш ю: «Меттиг кхиар: субъектан экологи» (хьаьттан беттан 5–12-чуй деношкахь): «Проект. Команда», «Карьера. Кхолларалла», «Iилма. Бизнес».

ШолгIачу сменин теманаш – «Меттиг кхиар: юкъараллин экологи» (хьаьттан беттан 12–19-чуй деношкахь): «Лидерство. Юкъаралла», «Хаам. Кхерамазалла», «Спорт. Патриотизм».

Нохчийн Республикин цIарах оцу форумехь дакъалоцур ду 205 стага.

Форумах дерг мелла а шуьйра довза йиш ю хIокху номершца: 8(8712)22-41-23; 8(938) 999-00-86.

ХIора шарахь санна, «Машукан» къоначу жигархойн таро хир ю тайп-тайпанчу т ренингашкахь, пресс-конференцешкахь, ярмарка-гайтамашкахь дакъалаца а, шайн хаарш тIедуза а, иштта, шаьш сатийсинарг кхочушдан а.

Цул сов, Россин гIарабевллачу политикашца а, юкъараллин гIуллакххошца а, бизнесменашца а, спортсменашца а, артисташца а цхьаьнакхетарш а хир ду.

Хь.БАХТАЕВА

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: