Нохчийчохь дехачу халкъашна юкъахь ногIий а бу. Оцу цIарца (шайн цIе – «ногIайлар») девзаш ду Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, Хонкарахь а, Румынехь а, Аштаркханан областехь а, Ставрополан крайхь а бехачу цхьана нехан халкъ. Нохчийчохь, коьртачу декъана, ногIий Шелковски кIоштахь бехаш бу. Дозанашца «декъна» делахь а, шаьш халкъ хилар диц ца до цара…

НогIаша Ислам-дин (Хьанифан мазхIабехь бу уьш) лелош хиларе терра, цара дезачу денойх лоруш ду ГIурбан а, Мархадастаран а денош. Делахь а, шайн халкъ туркойн орамаш долуш хиларна, бIаьста билгалдоккхуш «Новруз» олуш дезде а ду церан. Оцу халкъан векалийн антропологин тайпанашна тидам бан воьлча, царна юкъахь монголхойх (туркойх) а, кавказхойх (европахойх) а тера берш хилар гучудолу.
Доьзал кхиор а, дахаран хатI а ногIаша шайн халкъан Iадаташца а, Ислам-динан шарIаца а нисдина ду. Цундела бу аьлла хета царна шайн доьзалшкахь барт а, беркат а. Шайн орамаш Кавказера дацахь а, меттигерчу халкъашкара да доьзалехь коьрта хиларан ламаст схьаэцна цара.
Нохчаша а санна, ногIаша а веза лору ХьаьжцIа ваханарг. Цуьнан дIадолорца схьайоьллу цара маьждигашкахь хьуьжарш. Цул сов, церан хьаьжоша, уьш мел къона белахь а, къаношца цхьаьна дакъалоцу доьзалшна юкъахь маслаIат дарехь а, девнаш дIадахарехь а. Иштта, билгалдаккха догIу, карарчу хенахь динан Iилма Iамор санна деза дуьненан Iилма хаар а деза лоруш хилар. Таханлерчу ногIийн муьлххачу а дас-нанас шайн декхар лору доьзалхо дуьненан Iилма Iамо деша вахийтар.
НогIийн духар, цхьана хIуманех лаьтта культура а санна, луларчу халкъашца латтийначу юкъаметтигаша тIеIаткъам барца кхолладелла ду. Тахана ногIаша шайн къоман лоруш долчу духаран куц-кеп туркойн а, кавказхойн а духаран буха тIехь кхолладелла хилар хаалуш ду.
Оцу халкъо шен культура а, ламасташ а, Iадаташ а чIогIа лардахь а, карарчу хенахь шайн йоIарий нохчашка маре бахкийтар магийна цара. Кхечанхьа бехачу ногIаша шайн йоIарий бахийтина ца Iаш, шайн кIенташна а балабо кхечу халкъех болу зударий.
Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а шайн кIошташ ю ногIийн. Цигарчу ярташкахь бехачу ногIаша кхузаманахьлерчу хьежамашца йогIуш йолу хIусамаш а йо шайна, тIайш а тохку, некъаш а дохку. ХIора а доьзалехь бохург санна машен а ю.
Цигара кегийрхой, нагахь санна доьзалехь шиъ а, я кхин сов а доьзалхо велахь, Россехула дIасабоьлху, рицкъ лохуш. Доьзалехь цхьаъ бен воцу доьзалхо цIахь, деца-ненаца виса везаш ву.
Цо даьхни а, зIакардаьхни а, беш а лелайо. Бешахь кхиочу хасстоьмашна юкъахь, дукха хьолахь, бадарж (помдор) а, хорбаз а хуьлу.
Билгалдаккхар: Нохчийчохь болу ногIий, коьртачу декъана, Шелковски кIоштарчу Сары-Су, Каршыга-Аул, Ораз-Аул ярташкахь Iаш бу. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла дар бахьана долуш, оцу ярташкахь маьждигаш а, школаш а, амбулатореш а, культурин гIишлош а йина. Иштта, оцу кIоштахь болх беш НогIийн культурин туш а ю.
И.ИСЛАМОВ
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо