Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран чаккхенехь дукха эладитанаш дара цхьаболчу федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсаша сийсош. Дукха харцонаш юьйцура нохчийн къоман мостагIаша, фашизмана дуьхьал СССР-о латтийначу къийсамехь цхьа а нохчи дакъалаьцна вац бохург дуьненна тардан лууш. Вайна-м хаьара иза бакъ доций. Даймехкан сий лардан дезачохь нохчий цкъа а бац юьстах Iийна. Ткъа, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь болабеллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъа ца лоцуш уьш Iойла дацара.
И тIом дIаболабалале Нохч-ГIалгIайн Республикера итт эзар сов стаг вара ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь кхин 13 эзар стаг а шайн лаамехь луьрачу мостагIчунна юьхьдуьхьал хIотта тIаме дIавахара. Кхин хIумма а ца хилча а, оцу муьрехь къоман журналистикин ткъех векал хилла немцойн фашистех леташ.
ДIаболабеллачу тIаме хьалхарчийн могIарехь дIабаханчу журналистех воккханиг вара Хаджиев Ризван. Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь 1906-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Хаджиев Ризван, дукха хьалхе да-нана дIадаьлла байлахь висира. Дедас хьалакхиийна вара кIант. Ша дIавалале школехь дешийтира, тIаккха Соьлжа-ГIалахь рабфак чекхъяккхийтира. Мамакаев Мохьмадца, Мехтиев Хьасанца, Саламов Iабдул-Хьалимца цхьаьна Москвара Малхбалерчу къинхьегамхойн университет чекхъяьккхина вара иза. Тайп-тайпана белхаш бина цо Iедалан лаккхарчу структурашкахь. 1939-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттаво Хаджиев Ризван. Амма тIом болабелча Даймехкан сий лардан дIахIутту 35 шо кхаьчна нохчийн журналист. ТIом дика барна елла «Отечественной Войны» орден яра вайн махкахочун, капитанан чинехь а вара иза. В.И.Кириченко командир хиллачу 4-чу ГIобанан гIалагIазкхийн гвардин дошлойн корпусехь 1944-гIа шо тIекхаччалц тIом бина цо. Цул тIаьхьа, дукхах болу нохчий санна, тIамера схьа а ваьккхина, Казахстане дIахьажийра иза.
Шуьйтан кIоштарчу Бена-Юьртахь 1912-чу шарахь дуьнен чу ваьлла вара Ясаев Мовла. Юьртахь школа а, Соьлжа-ГIалахь рабфак а чекхъяьккхира цо а, цуьнан вашас Iабдул-Решеда а. Цул тIаьхьа Буру-ГIалахь тIеман летчикийн училище чекхъяьккхира. 1938-чу шарахь Халхин-Голехь хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцна вара иза. Фашистийн ардангаш Кавказана герга гIоьртича къона летчикаш Iамо Аштаркхне хьажийра Ясаев Мовла. Цигара – СССР-н Малхбузерчу дозане. Смоленскехь лаьттачу тIеман летчикийн батальонан командир иза волуш, чекхбелира тIом. Командир вара аьлла, чевнаш хилла вара аьлла, махках ца воккхуш-м ца витира тIеман арахь доьналла гайтина волу эпсар. ТIамера схьаваьккхина, махках баьхначу вайнахана тIаьхьа хьажийра иза. ГIиргIизойн махкарчу Токмакехь дIатарбеллера Мовлин доьзал. Цигахь 13 шо даккха а дийзира. Журналистике тIаьхьуо веара иза. 1957-чу шарахь вайнах цIабирзинчу муьрехь радиокомитете балха хIоьттира.
Нохчийн яздархочун Музаев Нурдин цIе дика евза вайн махкахь. Иза похIме яздархо, поэт ву.
1913-чу шеран эсаран (октябрь) бетт ан 15-чу дийнахь Шелан кIоштарчу БелгIатойн-Эвлахь дуьнен чу ваьлла Музаев Нурдин. Хьалхарчийн могIаршкахь чекхъяьккхина цо Москвара коммунистийн университетан журналистикин факультет. Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу «Ленинхо» газетан коьртачу редакторан заместителан болх беш хилла иза 1935-чу шарера 1941-гIа шо тIекхаччалц. Амма сийлахьчу Даймахкана тIе кхерам хIоьттича, бIаьрг-негIар ца тухуш, тIаме хIоьттина нохчийн яхь йолу журналист. Дуккха а елла орденаш, мидалш а хилла цуьнан, Сталинград мостагIех дIацIанъеш чевнаш хилла цунна. Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь тIамера схьаваьккхина ГIиргIизойн махка дIахьажийна, махках баьхначу шен верасашна тIаьхьа.
1914-чу шарахь Веданан кIоштарчу МахкатIехь дуьнен чу ваьллачу Саидов Билалан хьаналчу къинхьегаман некъ нохчийн къоман театрехь дIаболабелла. 1933-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь театральни студи чекхъяьккхинчу кегийрхойн тобанца дешна, актерийн говзалла караерзийна вара иза. Цул тIаьхьа цо Гуьржийчохь а дешна, Руставели Шотан цIарах йолчу театран студехь. Актеран говзалла караерзийна ца Iаш, литературехь болх бан а волавелира жима стаг. «Зайнап» цIе йолуш яра цо дуьххьара язйина, къоман театран сцени тIехь хIоттийна пьеса. Газеташца доттагIалла долуш волчу Саидов Билала даима а яздора похIмечу актерех, керлачу спектаклех, къоман театрехь болх бечу режиссерийн хьуьнарех. Хьалхарчийн могIарехь тIаме дIаваханчарех цхьаъ ву иза. «ЦIен байракх» фронтан газетехь жоьпаллин секретаран болх бина цо. Цуьнан а дийзира махках даьккхинчу шен къомана тIаьххье ГIиргIизойн махка дIаваха. Делахь а, 1955-чу шарахь Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» газет схьадиллича, цуьнан агIонаш тIехь гучуйовлу яздархочун говзарш. 1957-чу шарахь вайнах цIабирзина «Ленинан некъ» газет арадала доладелча, оцу газетан собкоран болх а бо Б.Саидовс.
Чолхечу а, лазамечу очакхех буьзна хилла нохчийн яздархочун Мусаев Мохьмадан дахаран некъ. 1915-чу шеран асаран (июнь) беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу БухIан-Юьртахь къехочун доьзалехь дуьнен чу ваьлла иза, кхиамца юьртара школа чекх а яьккхина, мехкадаьттан говзанчаш кечбечу училище деша вахара. Иза чекхъяьккхина ваьлча, 1931-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу В.И.Ленинан цIарах йолчу мехкадаьттанах гIуллакх дечу заводе балха вахара. Пхеа-ялх шарахь болх бира Мохьмада заводехь. Амма ,кхолларалле болчу безамо ойланаш журналистике ийзайора. Зорбанехь кест-кеста гучуюьйлура цо язйина статьяш, зарисовкаш, репортажаш. Эххар а, 1937-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитете балха хIутту Мусаев Мохьмад. Шо а далале радиокомитетан коьрта редактор хIоттаво иза. 1938-чу шарера 1941-чу шаре кхаччалц оцу даржехь кхиамца болх бо хьуьнаречу журналиста. Немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелеттачу хьалхарчу деношкахь, шен лаамехь, тIаме дIавоьду. ЧIогIа халачу хьелашкахь, яхь дIа ца луш, шарахь сов тIом бира Мохьмада. 1942-чу шарахь Сталинград мостагIех дIацIанъеш, буьрса кхихкинчу тIемашкахь чевнаш хилла журналист тIемалочун декхарш кхочушдарна юкъахвоккху. Соьлжа-ГIала цIавирзича, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа дийнан шийла Iуьйре тIехIотталц радиокомитетан коьртачу редакторан даржехь болх бо. Масех роман ю цо язйина. Иштта цо кхиамца къахьегна цо къоман драматурги кхиорехь а. 1941–1945-чуй шерашкахь хиллачу тIамехь дакъалаьцначу нохчийн бIаьхойх дуьххьара пьеса язйинарг ву Мусаев Мохьмад. Цуьнан цIе «Теркан тулгIенаш» ю. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро хIоттийна а, хьовсархоша езаш тIеэцна а яра оцу пьеси тIехь хIоттийна спектакль.
Массарна хаьа «Александр Чеченский» роман Гайсултанов Iумара язйиний. Наггахь волчунна «Болат-ГIала йожар» повесть язйиний а хаьа. Мел халахеташ делахь а, кIезиг нах бу Гайсултанов Iумара журналистикехь болх биний хууш. 1920-чу шарахь Нохчийчохь уггаре а хазачарех йолчу Шелахь дуьнен чу ваьллачу Iумара, шен 16 шо а кхачале, цигара юккъера школа чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIалара рабфак чекхъяьккхира. Шеларчу школехь болх беш вара иза 1941-чу шеран асаран (июнь) баттахь ЦIечу Эскаран могIаршка дIавиггалц. Москва, Сталинград, Курскан дуга, иштта цIерш ю вайн махкахочо буьрсачу тIемашкахь дакъалаьцначу меттигийн. Доьналла, майралла гойтуш, дера летта иза мостагIех. 1943-чу шарахь чевнаш йира Гайсултанов Iумарна. КхидIа тIом бар ца магадо цунна лоьраша. Нохчийчу цIавирзнехь а, балха аравала ца кхуьу иза: махках доккху дерриге а халкъ. 13 шарахь берриге а нохчий санна, Даймахках хьоьгуш хан йоккху цо. Соьлжа-ГIала цIавирзича иза Нохч-ГIалгIайн радиокомитете балха воьду. Цул тIаьхьа, болх бо «Ленинан некъ» газетан редакцехь.
Цуьнан 19 шо дузаза дара Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, Веданан кIоштан партин райкомехь инструкторан болх беш вара, 1922-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь Хоттанехь дуьнен чу ваьлла Муталибов Зайнди. Иза-м кхидIа а деша, хьехархочун говзалла караерзо лууш вара. Делахь а, дагахь доцуш, иккхинчу тIамо хьаьшира и ойланаш. КIант тIаме хIотта сихвелира. Вайн республикехь вовшахтоха йолийра 114-гIа дошлойн дивизи. Сихонца цига дIаязвелира Муталибов. Дивизица дерг чIогIа юхахьаделира, иза тIаме ца йохуьйту элира. Юха вовшахтоха йолийра Нохч-ГIалгIайн 255-гIа дошлойн полк. 1942-чу шеран хIутосург (май) баттахь тIаме боьду буьрса некъ юьхьарлецира вайн бIаьхоша, царна юкъахь вара Муталибов Зайнди а. Цуьнан майраллех, доьналлех, гIиллакх-оьздангаллех дуьйцу «От Терека до Эльбы» цIе йолчу шен книги тIехь, 255-чу дошлойн полкан командир хиллачу Висаитов Мовлида. Буьрсачу тIемашкахь дакъалоцуш, Кавказера дIаволавелла Муталибов 1946-чу шеран хьаьттан (август) баттахь японхошца болу тIом дIаберззалц мукъаваьлла вац. Некхан у дуьззина орденш, мидалш яра Зайндин. Царна юкъахь яра «ЦIечу Седанан» а, «ТIеман ЦIечу Байракхан» а орденш, иштта кхиерш. Поэт, яздархо санна вевза иза вайн махкахь. Хаийта лаьа Муталибов Зайндис «Ленинан некъ» газетан коьртачу редакторан заместителан а, 1978-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу телестудин коьртачу редакторан а белхаш бина хилар.
Кавказера дIаболийна Австри кхаччалц тIемаш беш, мостагIчунна дуьхьал дера леташ чекхваьлла журналист Шаипов Iийса. ТIом чекхболуш майоран чинехь хилла вайн турпала махкахо. Советийн Союзан Турпалхочун сийлахь цIе цунна ялар доьхуш шозза кехат яздина цуьнан командованис. Амма, мел хала хеташ делахь а, оцу муьрехь нохчашна аттачу балхах луш ца хилла и цIе. Делахь а, кIорггера дешна а волуш, лаккхара Iилма а долуш хиллачу Шаипов Iийсана дIора мехала хеташ хIуманаш ца хилла и чинаш, орденш, мидалш, сийлахь цIерш тахкар. Вайн махкахочунна ницкъ луш хилла Даймехкан дуьхьа мостагIчух ша леташ вуй хааро. Шаипов Iийса юкъахь хилла Къилбера фронтан хIаваан-десантан 7-чу корпусан 34-гIа дивизи тIемаш беш чекхъяьлла гIалмакхойн аренашкахула, Аштаркхнехула, Сталинградан йистошкахула. I.Шаипов Украинин шолгIачу фронтана юкъайогIучу 34-чу дивизин газетан коьрта редактор хилла, кест-кеста герз караэца дезаш киртигаш тIеIитталуш а хилла цунна. Дивизин газетан коьрта редактор иза хIоттавар а ларамаза дацара. ЦIечу Эскаре гIуллакх дан вахале Шаипов Iийса Нохч-ГIалгIайн Республикехь арадолуш хиллачу кегийрхойн «Ленинхо» газетан коьрта редактор хилла вара. ТIом дIа а баьлла, Соьлжа-ГIала цIавирзича, цхьана муьрехь, «Ленинан некъ» газетан коьртачу редакторан болх бира цо. Дуккха а орденш а, мидалш а яра гвардин майор волчу Шаипов Iийсана Iедало елла.
Дукха хьалхе дех ваьлла, мецачу бераллин къаьхьа къурдаш дина вара Имадаев Мохьмад. Амма, чолхечу дахаран зерашна къар ца луш, юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, Пятигорскерчу институте деша вахара иза. Аспирантуре дIа а тасавеллера дуьненаюкъара истори Iамо. Делахь а, аспирантурехь дешар заочни кепе а дерзийна, цIавирзира нене са ца гатдайта. Энахишкарчу юьртабахаман техникумехь истори хьоьхуш вара иза юьхьанца. ТIаккха Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкоме балха схьавалийра. Адамашца кIедамерза, гIиллакхе-оьзда, хьаьнцца а дан къамел долуш, хьекъале жима стаг вара Мохьмад. 1939-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор хIоттаво иза. 1915-чу шарахь Итон-Кхаьллахь дуьнен чу ваьллачу Мохьмадан 24 шо дара иза редактор хIоттош. Делахь а, шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош, чекхволуш вара.
ТIом болалуш Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкомехь болх беш вара иза. Амма газетаца долу гергарло хер-м ца далийтира цо. 1942-чу шеран бIаьстенан юьххьехь Нохч-ГIалгIайн Республикера тIеман ара дIаяханчу 255-чу дошлойн полкан комиссар вара Имадаев Мохьмад. 255-чу полкан командир хиллачу Висаитов Мовлидана тешаме накъост хилла луьрачу тIемашкахула чекхваьлла а, майоран чинехь а хилла майра бIаьхо. Теркан аренашкара дIаболийна, Дона-тIерачу-Ростовехула Сталинградан йистошка кхаччалц тIемаш бина 255-чу дошлойн полко доьналла, майралла, хьуьнарш гойтуш. Дерриге а ЦIечу Эскарна санна хала даьхкина хилла 1942-чу шеран аьхкенан денош вайн махкахошна а. Луьрачу тIемашкахь мостагIчуьнгара цара схьаяьхна Котельниково, Садовое, Цаца цIерш йолу меттигаш. ТIемалойн дог-ойла ира-карахIоттош, толамах дог ца дуьллуьйтуш, забарца догъэцна, бIаьхошна там бан лууш, хьалхаваьлла хилла Имадаев Мохьмад. 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 3–4-чуй деношкахь Чилеково меттехь бина 255-чу дошлойн полко тIаьххьара тIом. Цигахь чевнаш хилла Висаитов Мовлидана а, иштта Мохьмадана. Чевнийн йозалло кхетам чуьра ваьккхина волуш, мостагIчунна каравахар нисделла Имадаев Мохьмадан. ХIара комиссар вуй хиъначу немцоша 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь тоьпаш тоьхна яхь йолчу нохчийн кIантана, хьуьнаречу журналистана, дог майра бIаьхочунна Имадаев Мохьмадана.
А.ГАЗИЕВА
№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо