Поэзин маьIиг

Нохчийчохь, нохчи ву, нохчийн мотт ца хууш –
Цул йоккха юьхьIаьржо кхин мичахь хир ю?
Эхь хеташ ваний а шен къоман мотт бийца,
Шен ворхIе дас буьйцуш, схьабеъна болу.

Бакъ-нохчи хьо велахь хир ву хьо нохчи,
Хьайн дайша лелийна гIиллакхаш лелош,
Хьайн нанас бийцинчу маттаца дуьйцуш,
Хьайн халкъах лаьцна дерш деза а хеташ.

Ткъа нохчи хьо вацахь, дац хьуна дан хIума,
Шайн орам телхинарш кIезиг бац вайлахь,
Акхтарган орам тIехь наж а ца кхуьу-кха,
Хиттинчу дитташа хуьйцу-кха стом шайн.

Нохчийчохь нохчи ву нохчийн мотт ца хууш –
Хьо ларло иштта цIе тилларах хьайна.
Ахь дагахь латтаде, тIаьхьене ала –
Ненан мотт цахаар ду къастар къомах.

КАНАЕВ Зим-Iела

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: