Тхан рузма

ХIутосург (май) беттан 28-гIа де, 1936-гIа шо. Нажи-Юьртан кIоштарчу Гендаргана юьртахь вина Эльмурзаев Бека, иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артист. Бераллин а, кхиаран а шераш Юккъерчу Азехь чекхдевлира. Дерриге а халкъаца цхьаьна лайра мацо а, хало а, бевза-безачарех къестарш а. Цигахь хилира искусствон новкъа валар а.

1956-чу шарахь Сулюкта гIаларчу Культурин цIийнехь цо вовшахтуху кавказхойн хелхарийн ансамбль. И болх кхиаме хилар гойту 1957-чу шарахь ансамбль Москвахь хиллачу Кегийрхойн дуьненаюкъарчу фестивалан лауреат хиларо.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь Нажи-Юьртарчу Культурин цIийнехь Бекас вовшахтуьйхира тIаьхьуо «Ламанан аз» цIе елла йолу исбаьхьаллин тоба. Республикин а, Ерригроссин а халкъан кхоллараллин хьажаршкахь, фестивалашкахь цкъа а толаман меттиг йоцуш ца йисира и кхоллараллин тоба.

«Ламанан аз» ансамбло дIаолуш хилла «Нана», «Езаре», «Малика», «Iайшат», «Махьмин илли», «Зама» «БIаьрзечун хаттар», «ХьошалгIа дуьйла» иллеш (церан массеран дешнийн, мукъамийн автор ша Бека вара) халкъан хилла дIахIиттира.

Нохчийн къоман музыкин культура кхиорна юкъайиллина йоккха хазна ю халкъан илланчин Эльмурзаев Бекин кхолларалла.

Кхалхар хилла 2017-чу шарахь.

Асаран (июнь) беттан 1-ра де, 1944-гIа шо. Юккъерчу Азехь, хьехархочун доьзалехь вина Бислиев Iабдул-Хьамид, физикин-математикин Iилманийн кандидат, профессор. Шен схьавалар Эвтарара хилла цуьнан. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Москварчу пачхьалкхан университетан (МГУ) физикин факультетехь.

Оццу университетехь аспирантура чекх а йоккхий, физикин-математикин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо. 1972-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь болх бо лакхара хьехархо, кафедрин заведующи, университетан проректор волуш. Цо йиллина магнитни хиламийн лаборатори Къилбаседа Кавказан вузашкарчу и санначу лабораторешлахь тоьллачех цхьаъ лоруш яра. Кхузахь кечйира Iилманийн кандидатан масех а, цхьаъ докторан а диссертаци (ша Бислиевс). Магнитийн хиламийн физикехула цIеяххана говзанча вара иза.

Шегара къонахаллин доккха хьуьнар гойтуш, Iабдул-Хьамидан кхалхар хилира 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь шен белхан накъост, университетан ректор дIавига гIоьртинчу зуламхошна дуьхьал ваьллачохь.

Iилманчин цIе лелайо Соьлжа-ГIалин цхьана урамо.

Асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 1945-гIа шо. Юккъерчу Азехь йина Багалова Зулай, актриса, Россин Федерацин хьакъйолу артистка. Дешна Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатран школехь-студехь, 1977-чу шарахь чекхъяьккхина А.В.Луначарскийн цIарах йолу театран искусствон пачхьалкхан институт (ГИТИС).

Еххачу хенахь болх бина Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатрехь. 60–80-чуй шерашкахь нохчийн театр ерриге Россехь а тоьллачех цхьаъ хилла дIахIоттарна юкъа уггаре а йоккха хазна йиллинчарех цхьаъ ю Багалова Зулай. Дукха ролаш ловзийна цо нохчийн театран сцени тIехь. Хьовсархошна къаьсттина дагахь дисинчех ду цо кхоьллина васташ: Алпату («Цхьана юьртахь», М.Мусаев), ПетIамат («ПетIамат», С.Бадуев), Асель («ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг», Ч.Айтматов), Бусана («Бешто», С.Бадуев, М.Солцаев), Совдат («Совдат а, Дауд а», I.Хамидов), Зулай («Бож-Iела», I.Хамидов), иштта кхин а.

Багалова Зулайс сцени тIехь кхоьллина зударийн васташ нохчийн театран искусство кхиорна юкъайиллина шатайпа хазна ю. Карарчу хенахь цо боккха болх бо нохчийн ламасталлин культура шуьйра йовзийтарна тIехьажийна.

№41, пIераска, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: