Республикин лараме бахархой!
Тахана вай машаран толаман а, кхоллараллин къинхьегаман а дуьхьа бахархойн барт хиларан де хиларе терра билгалдоккху Республикин де, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Указца 2002-чу шарахь юкъадалийна долу Де. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара юкъараллин цхьаалла а, цуьнан барт а т1амал т1аьхьарчу республикехь машар а, хьал дика а хилийтарна т1ебоьдучу новкъахь коьрта г1улч хиларх. Вовшашна дуьхь-дуьхьал лаьттачу адамашка иза кхойкхура барт хиларе.
Оцу шерашкахь Нохчийчоьнан халкъо кхин цкъа а тешам боллуш гайтира Даймохк а, парг1ато а шен дахаран бух буьллуш йолу доккхачу маь1не мехаллаш хилар. Нохчийчоь а, цуьнан халкъ а ларийна т1ех халачу дуккха а зерашца, тахана регион сиха меттах1уттуш а, кхуьуш а ю.
Республикехь кхочушдеш ду экономикин а, социальни а кхиоран даккхий декхарш. 1аламан башхачу хьелаша а, токхечу латтанаша а республикина яккхий таронаш ло экономикин агропромышленни дакъа ч1аг1дарна а, инвестицеш юкъаозорна а. Нохчийн Республика вайн мехкан хаза регион ю. Цуьнан хьал долу культурин т1аьхье ю. Массара а г1о а лоцуш, цуьнан халкъаша дакъа а лоцуш, Нохчийчоь меттах1оьттина: г1ишлош еш, ц1инйина г1аланаш, ярташ, дерриге а хьелаш кхоьллина культура, спорт, дешар кхиорна.
Нохчийн Республикехь дехаш ду иттаннаш халкъаш – нохчий, оьрсий, г1алаг1азкхий, эрмалой, дуккха а кхидерш а. Уьш бертахьчу доьзалехь дехаш а, белхаш беш а ду.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан г1уллакх хьакъ ма-дду д1ахьош ву цуьнан к1ант – Кадыров Рамзан. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьекъалечу политико республикин дика ц1е яккхийтина, кхоьллина Россехь а, дозанал арахьа а. Историна т1едоьг1ча, башха йоккха йоцчу хенахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо г1уллакхаш дар бахьана долуш нохчийн халкъ баккхий кхиамаш бахаре кхаьчна. Болх беш ю пачхьалкхан 1едалан институташ, юкъараллехь халкъан барт хиларе кхаьчна, сихха кхуьуш ду экономикин, могашалла 1алашъяран, культурин дерриге а дакъош. Дина хьелаш кхоьллина т1екхуьуш долчу чкъуроана кхузаманахьлера дешар 1аморна, спортехь дакъалаца таро хилийтарна, шен халкъан г1иллакхаш а, 1адаташ а ларарна.
Оцу дерригено а вайн таро хуьлуьйту хиндолчуьнга дегайовхонца а, тешам боллуш а хьийса. Ас шу дерриге а даггара декъалдо х1окху башхачу денца – Бахархойн барт хиларан а, цхьааллин а, масла1атан а денца.
