Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара вежарий, йижарий!

Даггара декъалдо шу сийлахь Рамадан бутт тIекхачарца! Сийлахь Рамадан бутт Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа вайх, бусалбанех, бина боккха къинхетам бу. Вайн дегнаш, ойланаш, синош цIандан, вайн ийман чIагIдан уггаре а дика хан ю хIара. Цундела вай даккхийдерца, дог-ойла гIаттарца, сирлачу сатийсамашца тIеэцна сийлахь Рамадан.

Дала даздина даьхкина хIара денош вайн ойланаш, гIуллакхаш цIена латторан шатайпа зер хилла дIахIуьттур ду. Вай къаьсттина чIогIа къахьега деза диканаш алссам дарехь. Вай собаре а, къинхетаме а, вовшашна гечдеш а хила деза хиллачу цатемашна а, весашна а.

ХIокху безачу Рамадан баттахь вай доIанаш дийр ду вайн дайн мохк кхин а хаза, токхе, зовкхе хилийтар доьхуш. Вай АллахIе доьхур ду Шемахь, Иракъехь, тIеман цIерш хьерчачу кхечу мехкашкарчу вайн бусалба вежаршна, йижаршна юкъахь барт, машар хилийтар, церан аьтто бар.

Вайн бакъо яц, бахьана а дац вовшах къеста. Вайн эзарнаш бахьанаш ду цхьаьна хила, цхьаъ хила, бертахь даха. Цхьадика, тахана Нохчийчохь маршо ю, синтеме ду. Бусалбанашна дерриге а хьелаш кхоьллина бусалба дин Iамо, Далла Iамалш ян, Iибадат дан. Ерриге а ярташкахь исбаьхьа маьждигаш ду, хьуьжарш ю, иттаннаш ярташкахь Къуръан дагахь Iамочу хьафизийн хьуьжарш ю. АлхьамдулиллахI!

Вайн дешна нах, Iеламнах бусалба дин лелор бахьанехь сийначу Сибрех эхийтина, царна тоьпаш йиттина, уьш къиза хьийзина хенаш, Делан къинхетамца, дIаевлла. Цара сатийсина маьрша хан тIекхаьчна.

Тахана дин лело маьрша ду вай. Цунна Далла хасттам беш хила деза, хIокху паргIатонан хама беш хила деза. Тахана, цкъа а ца хиллачу кепара, бертахь Iаш ду вай. Дерриге а цхьаъ хилла дIахIиттина Цхьааллехь ма бу вайн ницкъ! Дала къинхетам бойла вайх!

Везачу АллахIа Рамадан беттан парза марханаш кхаба ийман а, собар а, могашалла а, доьналла а лойла вайна.

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: