Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Нохчийн Республикин хьомсара бахархой!
Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо шу сийлахь Рамадан бутт тIекхачарца. Баккъал а, Делах тешаш волчунна еза хан ю хIара, хIунда аьлча, Лекха-Сийлахь Волчо хIокху баттахь дуккха а алсамбоккху бусалбанашка болу Шен доза доцу къинхетам, къобалдо церан тобанаш, къиношна гечдо. ХIокху баттахь диканиг, Дела резахинверг дан хьовса деза вай, Къуръан доьшуш, вай Кхоьллинарг хьехош, маьждигашкахь жамаIатехь ламазаш, Iамал-Iибадаташ деш.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцначу некъа тIехь эвсаре гIуллакхаш даро таро елла вайн республикерчу бусалбанашна тIехдика хьелаш кхолла. Вай долчохь дина, Россехь а уггаре а хаза, исбаьхьа маьждигаш, тодеш-хаздина вайн эвлаяийн а, устазийн а, шайхийн а зераташ. Хьафизийн хьуьжарша хIора шарахь а арахоьцу сийлахь Калам дагахь хуушберш. Къаьсттина тидам тIебахийта хьакъ ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо деш долу къинхетаме, сагIа даккхаран гIуллакхаш. Цунна куьйгалла деш ю Кадырова Несин Аймани. Республикерчу бахархошна гIо-накъосталла до фондо ХьаьжцIа боьлхуш, дахаран-Iеран, хIусамийн халонаш дIайохуш. Дика ламаст хилла дIахIоьттина вайн тоьллачу ресторанашкахь, кафешкахь, гIаланийн а, кIоштийн а маьждигашкахь мархадастийтар.
Везачу АллахIа чIагIдойла вайн ийман, вайн дегнашкахь къинхетам а, вовшах дог лазар а алсамдоккхийла, къинойх цIандойла вай.
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо