ХIутосург (май) беттан 25-чу дийнахь шен белхан визитаца Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин Правительствон Председателан заместитель Голодец Ольга, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев. Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьалвахара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, кхиболу официальни нах а, журналисташ а.

Соьлжа-ГIалахь хьеший хилира Ленинан кIоштарчу «Родина» предприятехь, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь а, №10 йолчу юкъарадешаран школехь а, А.Айдамировн цIарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, М.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драмин театрехь а, Юкъарапайдаэцаран туьшахь а, И.Тарамовн цIарахчу заьIап берийн а, кхиазхойн а республикин реабилитацин туьшахь а. Сийлаллин Аллейхь цара зезагаш дехкира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.
Голодец Ольгас Нохчийн Ре спубликин социальни дакъа кхиоран гIуллакхашкахула йолу кхеташо дIаяьхьира республикин Куьйгалхочун Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь. И гIуллакхаш дийцаре дарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, федеральни министерствийн куьйгалхойн заместительш.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира социальни политика кхочушъян Нохчийн Республикин куьйгаллин коьртачу декхарех цхьаъ хилар. Цо дийцарехь, республика кхиорна доккха гIо дира Россин Президентан Путин Владимиран «Майхьлерчу указаша».
– Уьш (указаш) кхочушдаро тодо социальни декъера хьал. Иштта, берриге а белхахойн юккъерчу барамехь долу алапа лакхадаьлла, кхиамца кхочушдеш ду школашкахь дешархойн керла меттигаш кхолларан а, школе дахазчу берийн дешар кхачаме хилийтаран а, социальни хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхаран а, республикин бахархошна лаккхара технологи йолу лоьрийн дарбадаран тIегIа лакхадаккхаран а гIуллакхаш, – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо дIахаийтира, федеральны центро тидам баро а, гIолацаро а йолуш йолу проблемаш дIаяхарна а, Нохчийн Республикин социальни дакъа сиха кхиорна а гIо дийриг хиларх ша тешна хилар.
Голодец Ольгас дийцира Нохчийн Республикехь хиларо шегахь кхоьллинчу ойланах лаьцна.
– Вай кхета, адамийн хьашташка вай хьовсуш ца хилахь, цхьана а декъехь а кхиам хирг цахиларх. Суна билгалдаккха лаьа Нохчийн Республикин куьйгалла лаккхарчу жамIашка кхачархьама шайна хьалха яккхий Iалашонаш хIиттош а, уьш кхочушъеш а, шайн хьежам болуш а хилар. И суна тахана ган а гира со мел хьаьжначу проекташкахь. Ас иза иштта хилар къобал а до, вай вешан болх иштта дIабахьа беза аьлла а хета суна, – элира вице-премьера.
Цо билгалдаьккхира Соьлжа-ГIала еанчу делегаци юкъахь социальни гIуллакхашкахула болх беш йолчу ерриге а министерствийн векалш хилар. Кхеташо дIаяхьар пайде а, беркате а хирг хиларх, ша тешна хилар а хаийтира цо.
I.МУРТАЗОВ
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо