Шемахь йолчу «Иблисан пачхьалкхан» террористийн организацин гIеранашна бомбанаш, ракеташ туьйхира хIокху деношкахь Россин тIеман кеманаша. Пальмира шахьар йолчу агIор йогIуш хиллера гIеранаш. Царна юккъера лаххара а 160 террорист хIаллаквина, чевнаш йинарш кхин а алсам бу.
***
ОвгIанехь террористаша машен эккхийтар бахьана долуш, ткъех стаг кхелхина, ткъа сов стагана чевнаш хилла. Царах дукхахберш маьрша нах бу, цхьана а хIуманна бехк-гунахь доцу.
***
ХIокху деношкахь G7 саммит хилира. Цигахь дакъалоцуш хиллачу ворхI пачхьалкхан куьйгалхоша тIеийцира терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь йолу деклараци. Иштта, цара КНДР-на тIедиллира ядерийн зераш дар сацор.
***
Оццу деношкахь КНДР-хь дIадаьхьира стигалахула болчу кхерамна дуьхьало яран керлачу системин зераш. Мехкан Президента Ким Чен Ыра цул тIаьхьа омра дира и система кхидIа а кхиор тIедожош.
***
Филиппинин къилбехь террористаша безачу хIокху Рамадан баттахь герзаш диттина 16 маьрша стаг вийна. Царна юкъахь бераш а, зударийн а бу. Оцу бакъдолчо тоьшалла до террористаш бусалба динца дозуш хIумма а долуш цахиларна а, уьш бусалба динна дуьхьал тIом беш хиларна а.
***
Iамаркерчу Миссисипи штатехь зуламхочо герз детташ 8 стаг вийна, масех стагана чевнаш йина. Полицин белхахоша зуламхо схьалаьцна. Хьокъала йоллучу органаша дIадолийна талламаш бар. Билгалдаккха деза тIаьхьарчу хенахь цу тайппана зуламаш цигахь кест-кеста деш хилар.
***
Шри-Ланка пачхьалкхехь, еххачу хенахь чIогIа догIанаш ихна хиларца доьзна, хиш дистина ярташка хьаьвдда, дуккха а меттигашкахь токхамаш а хилла. Оцу бохамехь 146 стаг кхелхина, эзарнаш бахархойн цIенош дохийна, Iаламат доккха зен дина халкъан бахамна а.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара 43-зза талхийра Донбассехь машар баран хьокъехь бина барт. Цара герзаш диттира Донецкан областерчу цхьамогIа гIаланашна а, ярташна а. И бахьанехь иттаннаш цIенош дохийна.
***
Россин Президента В.Путина ГIажарийчоьнан Президент Хь.Роухани декъалвира юха а оцу дарже харжарца, дIахаийтира балха тIехь цуьнан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар, кхидIа а цуьнца цхьаьна гIуллакхаш дан, оьшучунна тIехь гIо-накъосталла дан ша кийча хилар.
***
Иркутскан областехь стомара кхиамца чекхдевлира пассажирийн МС–21 кема зер. Иза «Иркут» корпорацис дина ду. Кемано 1 000 метр лакхаллехь эха сохьтехь некъ бира. Ерриге а прибораш дика болх беш яра. Кема аьхна а, пассажирашна оьшу бегIийлаш йолуш а ду. Уьш арахецаран гIуллакх дика дIахIоттийна.
***
Москвана уллехь доьхна жима мотор йолу кема. Цу тIехь хилла пилот а, ши пассажир а кхелхина. Бохам хиларан бахьана толлуш бу талламан комитетан говзанчаш.
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо