ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала ЕГЭ а, ОГЭ а дIаяларан хьокъехь кхеташо дIаяьхьира Рособрнадзоран куьйгалхочуьнца Кравцов Сергейца цхьаьна. Цигахь дакъалоцуш вара министран заместитель Тааев Илес, республикин Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан куьйгалхо Бечиев ШахIруди, республикин юкъарчу дешаран учрежденийн куьйгалхой, 9-чу а, 11-чу а классийн экзаменаш дIаяла езачу предметийн хьехархой.
Хьалхара дош олуш вистхилира Байханов ИсмаьIал.
– ХIокху шарахь ЕГЭ дIалур ю 8 эзар сов дешархочо, ОГЭ – 20 эзар сов дешархочо, царна юкъахь заьIап бераш ду. Цаьрга, шайн цIахь а болуш, экзаменаш дIаялийта а кечамаш бина. ДIадаханчу шарахь ЕГЭ-н туристаш 1 500 хиллехь а, хIокху шарахь 69 бен вац. Республикехь экзаменаш дIаяла кечйинарг ерриге а 41 пункт ю. Экзаменаш муха дIало дуьххьалдIа йолчу эфирехь Рособрнадзоран хьажа таро хир йолуш, видеокамераш ю оцу пункташкахь дIахIиттийна. Дешархойн кхерамазаллина а, новкъарло ян арара цхьа а чу ца ваийта кечамаш а бина. Цхьаьнгга а озабезамаш бина я нийсо ца лелийна ца алийта, вовшахтоьхна леррина комисси ю 300 гергга стагах лаьтташ. Цул сов, федеральни а, региональни а юкъараллин тергамхой хир бу экзаменашкахь низаман терго еш, – билгалдаьккхира цо.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Кравцов Сергейс республикехь дIалучу экзаменийн хьокъехь шена хетарг элира: «Къаьсттина тIаьхьарчу шина шарахь республикехь ЕГЭ а, ОГЭ а дIаяларан жамIаш лакхара ду. «Ас ЕГЭ, ОГЭ дIалур ю!» аьллачу проектаца хьехархоша болх дика баран а, дешархоша шайн хаарш алсамдахаран а билгало ю иза».
Иштта, цо билгалдаьккхира ерриге а регионашна цхьа кеп йолуш, бан беза белхаш цхьатерра кечбина цахилар а, хIокху шарахь экзаменийн тIедахкаршкахь мелла а хийцамаш бина хилар а.
И.Байхановс, къаьсттина тидам тIе а бохуьйтуш, юкъарчу дешаран куьйгалхошка элира: «Экзаменаш дIалур йолчу берийн дай-наношка цхьана а кепара са ма гатде ала, экзаменаш дIаяларан гIуллакх лаккхарчу тIегIанехь дIахьуриг хиларан цхьа а шеко а яц, я хила йиш а яц».
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: Кхеташонан дакъалацархой
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо