Оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь дуьйна республикехь болх беш ю Италин визийн туш (Италин Россерчу векалаллин долахь).
ХIинца дуьйна республикин а, луларчу субъектийн а бахархойн таро ю Итале ваха бакъо лучу визина оьшуш долу кехаташ, Россерчу кхечу гIаланашкахь йолчу туьшашка дIа а ца лелаш, Соьлжа-ГIалахь чудала.
Визица доьзна долу муьлхха а хаттар туьшан электронни почтин grozny@italyvms.ru адреса тIе дахьийта а, телефонан +7(8712)29-65-14 номерца дала а йиш ю.
Туьшан адрес: Соьлжа-ГIала, А.Кадыровн пр., 3/25 цIа (Бизнес-Туш), 4-гIа гIат.
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо