«Вайнах Телеком» а, «Р-Телеком» а компанеша барт бар бахьана долуш, хIинца дуьйна республикин бахархойн плетежийн UniPay системин терминалашкахула налогаш а, гIуданаш а такха, ЖКХ-х ахча дIадала таро хир ю.
«Вайнах Телекоман» консультант-кассираша гIо дийр ду UniPay-н система лело Iаморехь а, цуьнан болх бовзийтарехь а, ахча дIадаларехь а.
Билгалдаккха догIу оцу системо комисси оьцуш цахилар а, чекхдаьллачу денна а цхьаьна ахча дIаделла хиларна тоьшалла луш хилар а.
UniPay – плетежийн декъехь къоман дуьххьарлера оператор.
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо