Дешаран керлачу шарца доьзна Нажи-Юьртан кIоштарчу шина школина – Бешер-Ирзера, Чеччалхера юкъарадешаран коьрта школаш – шен совгIаташ дира Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Юьйцуш йолчу школийн библиотекашна Яздархойн союзо елла цхьацца бIе книга. ХIокху тIаьхьарчу цхьана-шина шарахь арахецначех ю уьш. Царна юкъахь ю Гацаев СаьIидан, Абдулаев Лечин, Шайхиев Iалвадин, Усманов Iимранан поэзин книгаш, Ибрагимов Кантин, Нунуев Сайд- Хьамзатан романаш, цхьамогIа къоначу авторийн книгаш, «Нохчийн поэзи», «Нохчийн повесть», «Нохчийн драматург» гуларш, иштта кхин а.
– Тхуна билггал доккха совгIат ду иза, – элира оцу гIуллакхах кхаъ хиллачу Бешил-Ирзерчу школин куьйгалхочо Харонов Iумара. – Оьшучу учебникашца-м Дешаран а, Iилманан а министерствос кхачо йинера тхуна. Исбаьхьаллин литературица долу хьал библиотекашкахь мелла а ледара ду, я книгаш эца таронаш тоьаш а яц. Цундела цхьа книга бен яцахь а, тхуна доккха совгIат ду иза. Нохчийн яздархойн керла араевлла говзарш библиотекехь хиларо хьехархошна гIо дийр ду нохчийн литературин урокаш эвсараллица дIаяхьа. Цундела Нохчийн Республикин Яздархойн союзан куьйгаллина даггара баркалла ала лаьа и совгIат тхайна дарна.
ХЬ.АБАЕВ
