Анапехь чекхъяьлла 13–14 шераш долчу кхиазхошна юкъахь боксехула Россехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 64 регионера 300 сов къона спортсмен.
Кхиаме хилира къийсадаларшкахь нохчийн боксераша дакъалацар. Иштта, шен йозаллин категорехь шолгIачу меттиге велира Алимханов Бекхан (68 кг.), ткъа Куразов Эльбека (38,5 кг.), Магомадов ИсмаьIала (56 кг.) йоьзан мидалш ехира.
Къаьсттина беркате хилира турнир нохчийн боксерана Никерхоев Исламана. Шен йозаллин категорехь (72 кг.) дашо мидал яьккхира цо, цуьнца цхьаьна – мангалан (июль) баттахь Румынехь дIахьур йолчу Европин чемпионатехь дакъалаца бакъо а.
Къоначу спортсменан дуьххьарлера кхиам бац хIара – дIадаханчу шарахь а Европехь хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхина ву вайн къона махкахо.
Карарчу хенахь Белгородан областан Шебекино гIалахь Iаш а, тренировкаш еш а ву Ислам.
Хь.АБАЕВ
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо