Москвара «Спартак» чемпион а хуьлуш, чекхъяьлла футболехула Россин Премьер-лигин чемпионат. Соьлжа-ГIалара «Терек» пхоьалгIачу меттигехь ю. Дукха ца ийшира цунна ша сатийсинчу йоьалгIачу меттиге кхача, еккъа цхьа очко бен тIаьхьа ца йисира иза шел хьалха йолчу «Краснодарал».
Россин чемпионатехь шен исторехь дуьххьара пхоьалгIачу меттиге кхачар а вайн командин а, цуьнан тренер хиллачу Рахимов Рашидан а кхиам лара догIу.
2016–2017-чуй шерийн муьран жамIех аьлча, «Тереко» яьккхинарг ерриге а 48 очко ю. 14-зза тоьлла иза, 6 матч цхьа а ца тоьлаш йирзина, 10-зза эшна. «Терекан» кхиамех ду, хьошалгIахь ловзуш, 6-зза толам баккхар а.
Командин куьйгаллица хиллачу бартаца хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь дуьйна коьртачу тренеран дарж дитина Р.Рахимовс. Хууш ма-хиллара, 2013-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь дуьйна вара иза оцу даржехь, ткъа «Терекан» коьртачу тренеран даржехь чIагIвина Кононов Олег.
2013-чу шарера 2016-гIа шо кхаччалц «Краснодар» командин тренер хилла ву иза. Иштта, рогIера чемпионат керлачу тренерца йолор ю «Тереко».
Хь.АБАЕВ
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо