ГIалгIайн Республикера – кхиамашца

Плиево юьртахь (ГIалгIайчоь) хIокху деношкахь дIаяьхьира «Кавказ – террорана дуьхьал» аьлла йолу СКФО-н командашна юкъахь спортан къийсадаларийн турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара ГIалгIайчуьра, Нохчийн Республикера, Дагестанера спортсменаш. Верриге а 300 сов спортсмен.

Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Оцу турнирехь кхиамаш бехира Нохчийн Республикерчу спортсменаша. Уьш бу: хьалхара меттигаш яьхна Алиев Адам (38 кг.), Межидов Абубакар (57 кг.) а; шолгIа меттигаш яьхна Кагерманов Джабраила (35 кг.), Макаев Мохьмада (28 кг.), Жимаев Билала (38 кг.).

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: