ПохIме журналист а, гIиллакхе адам а

ХIутосург (май) беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь дIаяьхьира вевзаш волчу поэтан, публицистан, журналистан Аболханов Хьаькиман 65 шо кхачарна лерина суьйре.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Iилманийн академин, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, Яздархойн союзан, искусствон а, культурин а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш, иштта Хьаькиман гергарнаш а, юьртахой а.

Шатайпа чулацаме а, самукъане а яра Хьаькимна лерина суьйре. Хьешийн яххьаш тIехь гуш дара церан самукъадалар. Юбилярана лерина довха дешнаш дара хаддаза хезаш. Хь.Аболхановн кхоллараллин хьакъболлу мах хадийра и суьйре цуьнца цхьаьна дIаяхьа баьхкинчу бевза-безачара.

Иза дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Газиева Азас дийцира юбиляран дахарх а, кхоллараллах а лаьцна.

Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста, журналистикин къаночо Кагерманов Доккас, гулбеллачеран дагах кхеташ, ненан маттахь доггаха доIа дира.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас билгалдаьккхира Хь.Аболханов, поэт а, журналист а хилла ца Iаш, драматург а, литературин критик а, публицист а хилар. Цул сов, цуьнан хаза гIиллакхаш а билгалдехира цо.

– Хьаьким санна оьзда къонахий наггахь бен ца го суна. Цуьнгара собар, ийман, яхь бахьана долуш, массарна а везаш, лоруш ву иза. Шен дахарехь дуккха а къахьегна ву, цундела дIагайта дуккха а белхаш бу цуьнан. Доцца аьлча, нохчийн маттана чу са диллина лелаш говзанча ву иза. Дала декъалвойла хьо, – элира К.Ибрагимовс.

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис, вице-президента Дадашев Райкома элира Хьаькимах лаьцна хастаме дешнаш, шайгара совгIаташ а дира.

Дуккха а шерашкахь юбиляраца цхьаьна болх бинчу цуьнан дикачу доттагIчо, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана дийцира Хьаькиман оьздачу амалех лаьцна.

– Сан а, Хьаькиман а кест-кеста карладоккхуш цхьа кица ду: «Хьайн дегIан йовхоно хьан дегI ца дохдеш, бедарех хьерчаш а велахь, Iуьйранна гIаьттича гIелделла дегI меттадеана а дацахь, шераша саттийна букъ нисбинчохь лаьтташ а бацахь, бIаьргаш мел хьекхорах хьан бIаьрса серладолуш а дацахь – хаалахь хьуо воккха хиллий, къанвеллий».

Хьаьким, оцу кицанехь дагардина цхьа а хIума тахана хьоьца дац, хьо хIинца а къона ву. Дала дуккха а шерашкахь вахавойла хьо тхуна, – элира цо.

Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векала Хирахматов Хьамзата ша Хьаькиман юьртахо а, цул сов, шайна юкъахь гергарло а хилар хаийтира. Цо даггара баркалла элира суьйре вовшахтоьхначарна а, цига гулбеллачарна а.

Хьаькиман белхан накъоста Эльдерханова Зайнапа элира: «Хьаьким дика ваша ву. Йозанехь а, дахарехь а цхьаъ ву иза. Тахана ас майрра олу, Айдамиров Абузар, Сулейманов Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, оцу вайн къоман юьхь йинчу нехан могIарехь ву Аболханов Хьаьким а».

Цул тIаьхьа, «Даймохк» газетан коллективан къоначу белхахойн цIарах йистхилира жоьпаллин секретарь Мусаева Асет: «Хьаькиман корматаллах, цуьнан кхоллараллах а, адамаллах а, гIиллакх-оьздангаллах а, къонахаллах а, комаьршаллах а лаьцна дуккха а дийцира тахана. Цкъа цуьнца къамел динчунна и дерриге а бакъ дуй хуур а ду.

Редакцехь болчу белхахошна Iаламат чIогIа дукхавеза Хьаьким. Ца веза бахьана а дац. Цуьнгара гIо карадо муьлххачу а белхахочунна: корреспондентана а, корректорна а, техникин белхалошна а. Тхуна дозалла а, мехала а ду иштта хьехамча тхайна уллехь хилар. Хьаьким, оха чIогIа лара а лору хьо, дозалла а до хьох. Дела реза хуьлда хьуна. Дала латтавойла хьо тхуна. Хьо вацахьара тхан йиш яцара».

Нохчийчохь гIарабевллачу яздархоша, поэташа, журналисташа, Хьаькиман дикачу доттагIаша элира цунах лаьцна довха дешнаш а элира, деза совгIаташ а дира.

Цхьа а ца висира юбиляр декъал ца веш. И даздар хаздинера Нохчийн Республикин эстрадин бевзаш болчу артисташа лекхначу эшарша, аьллачу иллеша, йинчу забарша, пародеша.

Хь.БАХТАЕВА

М.Юнусовн суьрташ тIехь: даздаран суьйре

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: