Муталибов Зайнди

1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа, юха а арахеца долийначу «Ленинан некъ» газетан редакцина балхахь юьхьанца йоккха новкъарло хуьлура журналистика евзаш болу белхахой коллективехь кIезиг хилар бахьана долуш. «Балха дIанисбала» баьхкинарш оцу гIуллакхца лара а ца бой, сихха балхара дIабовлура, ткъа керла схьаэца нах бацара. 13 шо хьалха махках баьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIабахийтина хилла нохчий а, гIалгIай а хIетта цIаэха буьйлалуш бен бацара. Белхан коллективана оцу чолхе хиллачу муьрехь редакце балха веара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо хилла, цигахь тIеман аренашкахь даккхий хьуьнарш гайтина волу Муталибов Зайнди.

Шен леларца а, гуонаха болчаьрца гергарлонан юкъаметтигаш хиларца а ша ларийта хууш, оьзда стаг вара Зайнди. Цундела иза даггара тIеийцира коллективехь. Цунах тешийра хIетахь редакцехь уггаре а жоьпаллин лоруш хилла партийни дахаран отдел. Газетан хIора номеран шолгIа агIо дIайолалора «Партин дахар» аьлла йолчу рубрикица. Оцу декъехь зорбатухучу материалашкахь дуьйцура предприятийн а, организацийн а партийни организацешкахь бечу балхах лаьцна.

Зайнди, со а санна, Соьлжа-ГIалин Калининан поселкехь вехаш вара. Дукха хьолахь, Iуьйранна балха дIавоьдуш а, цигара цIавогIуш а цхьаьна нислора тхойшиъ. Оцо а, цхьаьна болх беш хиларо а юххера йира тхойшиннан юкъаметтигаш.

Дукха хан ялале Зайнди Москва КПСС-н ЦК-н Партин Лаккхарчу школе деша вахийтира. Иза цигахь а волуш, со а вахийтира оццу школе партийни а, советийн а белхахой юхакечбаран ялх беттан курсашка. Стаг аренца вевза олуш ду нохчийн. Цигахь кхин а юххера вевзира суна Зайнди. Ала хIума доцуш, дика, оьзда, тешаме накъост вара иза. Ханна сол дикка воккха волчу цо хьекъале хьехамаш бора. КхидIа долчу дахарехь суна уьш чIогIа пайдехь а хилира.

1961-чу шарахь Партин Лаккхарчу школин журналистикин отделени чекх а яьккхина, цIавеара Зайнди. Иза юха а «Ленинан некъ» газете балха хьажийра, редакторан заместитель хIоттийра. Шена тIедиллинчу керлачу декхарх лаккхара жоьпалла хиларца дIаболийра цо шен болх. Зайндис газетан агIонашна тIехь мехалчу темашна лерина статьяш, очеркаш, репортажаш, публицистикин материалаш язйора. Уьш езаш тIеоьцура газетдешархоша.

Дика вовшахтохархо вара Зайнди. Цо дуккха а гIуллакхаш дира газетан болх тобарна тIехьажийна. Юкъаялийра керла рубрикаш. Промышленностан а, юьртан бахаман а, кхечу дакъойн а говзанчех вовшахтуьйхира штатехь йоцу отделаш. Балхана юкъаоьзийра штатехь боцу корреспонденташ. Оцу балхо дика тIаьхьенаш а елира. Газет чулацаме хилла дIахIоьттира. Зайндис ерриге а ойла тIеяхийтина, даггара бора шен болх, цуьнан сий дора. Болх иштта баре кхойкхура иза кхечаьрга а.

Зайнди лаккхарчу корматаллин журналист вара. Амма жима волуш дуьйна цуьнан дахаран коьрта Iалашо яра литературин кхоллараллехь шен ницкъаш зер. Зайндин 15 шо бен дацара цуьнан дуьххьарлера стихотворени «Ленинан некъ» газетехь арайолучу хенахь. Цул тIаьхьа шовзткъалгIачу шерашкахь цуьнан «Суьйре», «Керла шо», «Сийлахь Октябрь», «Турпалчу ЦIечу Эскарна», кхийолу а стихотворенеш зорбатоьхна, араевлира «Ленинан некъ» а, кIоштан а газеташкахь.

ТIамехь волуш а, иза чекхбаьлла, цIавеанчул тIаьхьарчу муьрехь а Зайндин кхоллараллин коьрта тема яра Сийлахь-боккха Даймехкан тIом а, яхь йолчу кIентийн-бIаьхойн турпалаллин масалш а, къаьсттина Нохч-ГIалгIайн дошлоша тIеман аренашкахь гайтина хьуьнарш а. Яздархочо герзаца цхьаьна лелабора къолам а, блокнота тIе дIаязбора бIаьхоша бохучу толамех, патриотизмах, церан дог-ойланах, церан дахарера билгале долчух лаьцна болу хаамаш.

Зайндин «Даггара» аьлла йолу стихийн дуьххарлера гулар зорбатоьхна, арахийцира 1958-чу шарахь. Цул тIаьхьа араевлира «Дека, сан илли», «Даима а хьоьца», «Со хьан кIант ву», кхийолу гуларш. Зайндис прозехь язйина, дуьххьарлера книга араелира 1960-чу шарахь, «БIаьхочун весет» аьлла цIе а йолуш. Цул тIаьхьа оьрсийн маттахь зорбатоьхна, арахецна книга «Чов йина анкета» цIе йолуш яра.

Зайнди похIме поэт, яздархо хиларе терра, республикехь хилла ца Iаш, амма цуьнан дозанел генна арахьа а дика вевзаш вара. Цуьнан произведенеш цIеяххана бевзаш болчу кхечу къаьмнийн яздархоша а, гочдархоша а оьрсийн а, кхечу къаьмнийн меттанашка а яьхна, араевлира «Халкъийн доттагIалла», «Дон», «Литературная газета», дуккха а кхечу а журналашкахь а, газеташкахь а, дуккха а кхечу республикашкахь а.

Яздархо ша а вара дика гочдархо. Цо нохчийн матте даьккхира М. Шолоховн массарна а дика девзаш долу «Стеган кхоллам» цIе йолу дийцар а, кхечу яздархойн произведенеш а. Поэтан дуккха а стихаш иллешка йирзина ю. Уьш вайн дуккха а иллиалархойн репертуарашкахь ю. Царах уггаре а дагах хьакхалуш, дахаран ойла йойтуш ду «Дин беллачу бIаьхочун илли».

Заиндин ерриге а произведенеш билггала хиллачух лаьцна, бакъдолчунна тIедоьгIна, язйина ю. ДагадогIу суна. Цкъа оьрсийн маттахь язйина йолу цуьнан книга араяьлча, редакце еара оьрсийн къомах йолу цхьа зуда а, цуьнан кIант а. Зайнди а хаьттина, иза шайна вовзийтича, и шиъ цунна мара а кхетта, даггара дилхира. ТIаьхьа цара дийцира оцу зудчун цIийнда тIаме вахана, тIепаза вайна хиларх а, яздархочун книга ешначу бевзаш болчу наха цу тIехь иза вуьйцуш хиларх лаьцна шайга дийцарх а лаьцна. Книги тIехь дуьйцуш дара бIаьхо Сталинградан тIамехь мостагIчух майра леташ, кхалхарх лаьцна. «Тхешан да дийна цIавеача санна хазахийти тхуна, цунах хилларг хиъна», – бохура хьешаша. Цул тIаьхьа уьш Зайнди чукхайкха а баьхкира, цуьнца гергарло а лелийра (хьеший Катаямехь бехаш бара). Иштта яра яздархочун кхолларалла – дахарх лаьцна язйина а, дахаран бакъдерг гойтуш а. Цунна дукхаезара Нохчийчоь, нохчийн къам, вайн гIиллакхаш, Iадаташ.

Муталибов Зайнди вина 1922-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чу дийнахь Веданан кIоштарчу Хоттани юьртахь. Циггахь чекхъяьккхира цо ворхIшеран школа. Цул тIаьхьа школе пионер-вожати вахара Зайнди. Дукха хан ялале КПСС-н Веданан райкоман агитацин, пропагандин отделан инструкторан балха вахара.

1941-чу шарахь фашистийн Германи СССР-на ямартлонца тIелетта, дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Шега эскаре кхайкхаре а ца хьоьжуш, заявлени а яздина, шен лаамехь тIаме вахара Зайнди.

ТIом болабелчахьана иза чекхбаллалц а, тIаккха Японина тIехь толам баккхалц а, Нохч-ГIалгIайн дошлойн 255-чу полкаца а, Нохч-ГIалгIайчохь хилла ца Iаш, цуьнан дозанел генна арахьа а гIараваьлла вевзаш хиллачу Советийн Союзан Турпалхочо, полковника Висаитов Мовлида куьйгалла деш хиллачу, ткъа тIаьхьа, дошлойн разведывательни 61-чу дивизионца а цхьаьна тIеман аренашкахь мостагIчух майра лийтира Зайнди Къилбин а, Сталинградан а, Къилба-Малхбузен а фронташкахь. Юьхьанца могIарера салти хилла волу иза дивизионан штабан хьаькамна тIекхаччалц кхиира. ТIом чекхбаьлла, цIавогIуш, майор вара Зайнди.

Фашисташна даккхий зенаш деш, тIемаш баран доккха зеделларг долуш волчу политбелхахочо, эпсаро кхетош-кхиоран боккха болх дIахьора тIемаш беш болчу бIаьхошна юкъахь, уьш ир-карахIиттабора тIеман аренашкахь тIеттIа керл-керла хьуьнарш, патриотизм гайтарна.

МостагIчух шаьш ца кхоош, майра леташ, хийла гIала, юрт паргIатйоккхуш, дерриге а Советийн Эскарца цхьаьна Толаман де тIекхаччалц дIаихира Нохч-ГIалгIайн дошлой. Цаьрца цхьана могIарехь леташ, керлачу хьуьнаршна церан дог-ойла гIаттош, шегара къонахалла а, доьналла а гайтира майрачу эпсара. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхарна цо юкъадиллинчу декъан хьакъ боллу мах хадийра Даймахко. Цунна елла ЦIечу Седанан а, ТIеман ЦIечу Байракхан а дуккха а кхин йолу орденаш а, мидалш а.

ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа Зайнди ГIиргIизойчу шен гергарчу нахана тIе дIавахара. Цигахь школехь хьехархочун а, суьйренан школин директоран а белхаш бира. Чекхъяьккхира ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет. Ткъа цигара республике цIавирзича, «Ленинан некъ» газетехь редакторан заместителан а, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон директоран а, книготорган директоран а, телестудин коьртачу редакторан а белхаш бира.

Ала деза республикин литература, журналистика, культура кхиорна йоккха хазна цо юкъайиллина хилар.

Муталибов Зайнди кхелхина 1978-чу шарахь.

С.МАГОМАЕВ

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: