Шовданан цIе муха кхоллаелла

Веданан кӀоштарчу Хорача юьртан къилбаседа-малхбузечу агӀор долчу лаьмнашкахь чухчари ю. Ӏаьндойн регӀа тӀера ткъех метр лакхара чуӀенаш, седа санна, сирла а, цӀена а хи ду иза, Ӏаламо кхоьллинчу исбаьхьчу хьостанах схьадаьлла. Цу хих наха Шовда-чӀаба олу.

Къоьзан Ӏома тӀе боьдучу новкъахь ду и шовда. Кхузахь массо а хенахь адам хуьлу – тӀехволучунна хӀоранна а лаьа, кхузахь сецна, Ӏаламан хазаллех марзо эца а, шийла шовда мала а. «СадоӀуш волу Харачойн Зелимха» аьлла, наха цӀе тиллина хӀоллам а бу кху шовдана юххехь. ТӀулгах дина, зоьрталчу ламанхочун сурт ду иза. ПаргӀат охьа а хиъна, леррина хьалха дӀа а хьоьжуш Ӏа, карахь топ йолу, гӀеметтахӀоьттина стаг ву суьрто гойтург. Дийцарехь, кхузахь садоӀуш хазахеташ хилла Харачойн Зелимхина.

Нохчийн ширачу Ӏедалехь иза ма-хиллара, кест-кеста нускал хитӀе даккхар дӀахьо кху шовданан йистехь. Цу гӀуллакхна гуонахарчу ярташкара нах а богӀу кхуза.

Шовданан цӀе тиллар иштта нисделла бохуш, дуьйцу кхузарчу наха: Хорачуьрчу цӀеяххана хазачу йоӀана лурвоьлла цхьа жима стаг везавелла. Шен мостагӀех лечкъаш, хьаннашкахула, лаьмнашкахула ваьлла лелаш хилла и кӀант. ЙоьӀан да-нана реза ца хилла шайн доьзалхочо бинчу харжамна, йоӀ кхечу стаге яхийтар хьехош хилла цара.

Ломан когашкахь, кхузахь Ӏаламо исбаьхьаллица хазйинчу метте – жимачу шовданан йисте богӀуш хилла юьртара кегийнах, мехкарий а. Мехкарша, кегийчу чамешца хи схьа а оьцуш, шайн кӀудалш юзуш хилла. Кегийчу нахана вовшашна ган, захало дийца аьтто болуш меттиг хилла иза.

Шена дукхаеза йоӀ хитӀе йогӀу лар а йина, шовданан йисте веана лурвоьлла кӀант. Тешамна кара хӀума ло шена аьлла, дехар дина жимачу стага. Шен исбаьхьа чӀаба хадийна, цуьнан дакъа делла йоӀа кӀантана кара. Баркаллица чӀаба даг тӀе а лаьцна, чоин чухуларчу кисанахь къайлаяьккхина жимачу стага. Оццу хенахь шовданна тӀебогӀучу нехан гӀовгӀанаш хезна цушинна. Уьш бекхам эца богӀу лурвоьллачу кӀентан мостагӀий хилла. Йоьхначу йоӀа: «Къайлавала сихха!» аьлла кӀанте. Амма езачу йоӀана хьалха кӀилло хила ца лиъна цунна. «ХӀинца со вадахь, суна а, сан тайпанна а тӀе эхь догӀур ду», – ойла йина кӀанта. Яхь йолу къонаха дозаллица вала кечвелла.

Шен гӀодаюккъе йихкина шаьлта схьа а яьккхина, лаьтта охьакхоьссина цо. Бекхам бан хьаьгна болу мостагӀий тӀелата кийча хилла. ЦӀеххьана, шен коьртара йовлакх а даьккхина, цӀий Ӏано кечбеллачу нехан когашна хьалха иза охьатесна йоӀа. Массо а, Ӏадийча санна, висина, шаьш хӀун дийр ду ца хууш. Лурвоьлла кӀант вен баьхкинчу нахана юккъера схьа а ваьлла, царах массарал а воккхачо иштта къамел дина: «Совцалаш! Вайнехан шира Ӏадат дохо йиш яц вайн. Шуна гуш ду: вайн мостагӀ вала кийча ву, шен тайпанан сий а лардина. Цуьнан доьналлин мах хадош, вай цунна гечдан деза». ТӀе а кхайкхина, мара а беттабелла, кӀант витина цара. ЙоӀанна а баркалла аьлла цо динчу гӀуллакхна. Уьш берриге а юьрта бахана, лурвоьлларг витина хилар нахана дӀа а хоуьйтуш.

Оццу дийнахь юьртарчу баккхийчу наха захало эцна йоьӀан дена тӀе нах бахийтина. Кхаа дийнахь, кхаа бусий ерриге а юьрто ловзар латтийна, кегийнаш цхьаьнакхетар а, стаг витар а даздеш. ДоьалгӀачу дийнахь шовданна тӀе хи эца баьхкинарш цец а бевлла бисина. Хьалха жимма догӀуш хиллачу шовданан метта, чухчарех охьаоьхуш татолаш хилла. Везачу Делан совгӀат хилла иза, юьртарчу нехан беркате гӀуллакхаш бахьана долуш делла долу. ЙоӀа шен тӀехьийзачу кӀантана караеллачу чӀабанан сий деш, Ӏаламан оцу ниӀматах Шовда-чӀаба аьлла, цӀе тиллина юьртахоша. ХӀинца а наха иштта цӀе йоккху цуьнан.

ХӀара шира дийцар дукха генарчу хенахь дуьйна схьадохьуш ду нохчаша, вовшашка дуьйцуш, тӀекхуьучу тӀаьхьенна довзуьйтуш. Дайн хаза а, оьзда а гӀиллакхаш кегийчарна хиъча, уьш цара, лар а деш, лелийча, нохчийн къоман яхь-оьздангалла а, сий-ларам а цкъа а бовр бац.

М.АРСАНУКАЕВ

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: