МаслаIате, дика адам дара Зайнди

2002-чу шарахь дуьххьара хилира со Зайнди вехачу Лаха-Неврерчу хIусамехь.

Вайн махкахь дIабоьдуш тIом бара, хIетте а оцу шарахь сий-ларамечу хьехархочун 80 шо кхочуш хилар вайн интеллигенцина дицделла дацара. Иза а дика билгало яра.

Зайндих – меттан говзанчех, фольклористах – лаьцна ала догIург дерриге а шена чулоцуш хета цIеяхханчу Iилманчин-лингвистан Ю.Д.Дешериевн дешнаш: «Дукха хан ю суна Джамалханов вевза. Цунна санна нохчийн литературни мотт а, къоман фольклор а евзаш стаг гина вац суна. Со цецвийлина а ца волу цуьнан хаарех, хьуьнаречу къинхьегамах. Вайнехан лингвистикин дозалла лара мегар ву иза…».

Ткъа суна кхузахь хьахо лаьа Зайндин хаза гIиллакхаш, амалш. Бакъдерг аьлча, иза оцу дийнахь шех лаьцна я дийца а, я ас шех лаьцна яздан лууш а вацара. Цо забарш а йора, кхиберш а хьехабора. Зайндис аьлларг ира а, дагахь лаьтташ а нислора. Шен могашаллех лаьцна цо элира: «Селхана хиллачул эшна ю, кхана хинйолчул гIолехь ю».

Зайнди вехачу керта воьдучу суна хьалхаваьлла веанчу меттигерчу школин директора Хасимиковс, тхойшиъ чукхаьчна, охьа а хаале бохург санна: «Зайнди, «Самородок» боху оьрсийн дош муха хуьлу нохчийн маттахь?», – хаьттича, хIусамдас сихха жоп делира: – «Вешшехь винарг», – аьлла.

ТIаккха, «Собардел», – аьлла, дехьачуьра Карасаевн, Мациевн «Оьрсийн-нохчийн» дошам схьа а еана, цу тIера дийшира Зайндис тхуна: «Самородок – похIмахо; золотой самородок – дашо бIелиг», – аьлла.

Суна-м оцу хаттарна делла долу Зайндин (шен) жоп дика хийтира. Юха, тхо чай молуш долуш, Зайндис элира: «Кху стоьла тIехь дерг хьажийта охьадиллина дац шуна, даа диллина ду шуна. ХьастагIа кху чу веанчу луларчу стаге а аьллера ас изза. ТIаккха цо боху: «Со-м чIепалгаш а ца дууш, схьавеана ву!». «ХIунда ца диира ахь уьш?», – ас шега хаьттича, – «Дацара-кх тхоьгахь!», – жоп делира цо.

Пхийтта шо хьалха, 2002-чу шеран хIутосург (май) беттан 18-чу дийнахь, Лаха-Неврехь дукха адам гулделлера Зайндин 80 шо кхачарца доьзна. Схьавалийначу юбиляран бIаьрг кхийтира гуччохь дIатоьхначу терахьах: «80». «И «ноль» дукха хIума а яцара, дIаяккхийша цу тIехьара, сайн 8 шо долчух тарлуш ву со хIинца», – аьлла, забар ярца чувеара Зайнди.

Юха, тхо юучух кхетачу хенахь, нохчийн меттан Iаматийн автор а, юбиляран нийсархо а хир волчу Эжаев Умалта цхьаъ дийца долийра: «Зайнди къона волчу хенахь, хIара тур такхош волчу хенахь…», – аьлла. Юбиляро сихха оцу къамела юкъа дош элира: «Со дегIана лоха волу дела, сан тур текхаш дара бохург-м дац хьан иза?!». «Дац, дац, – элира Умалта. – Тур такхош берш а хуьлу, тур текхаш берш а хуьлу! Хьо хьайн тур такхош вара!».

Цу дийнахь, Зайндин 80 шо кхачаран юбилейхь, и болх дIахьош коьрта къамел хиллачу Эсхаджиев Якъуба аьлла маьIне дешнаш сихха дIаяздан кхиира со: «80 шарца дусталур дац Зайндис динарг. ХIара ца вевзаш стаг хир вац ДегIастанахь. ХIара ву – вуьззина къонах, хьанал хIусамда, доттагI, лулахо, цхьанна а халахетар дийр доцу адам, вайн къоман жовхIар, 80 карат мехала ша долуш!!!».

Иштта бу сан – маслаIате, дика адам ша долуш ваьхначу – Джамалханов Зайндих лаьцна боцца дагалецамаш.

ГАЙТУКАЕВ Асламбек

№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: