ГIирмин республикерчу берашна аьхка садаIа леринчу меттигашка Нохчийн Республикера «белхан тоба» кхочур ю. Коьрта Iалашо – берашна, кегийрхошна юкъахь наркотикашна дуьхьало ярна лерина цхьаьнакхетарш дIадахьар ю. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос, Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствоца, Россин Федерацин ФСКН-на, Нохчийн Республикерчу урхаллица а Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствоца а цхьаьна вовшахтухур ду и цхьаьнакхетарш.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министран заместитела Амаева Мадинас дийцарехь, аьхка бераша садоIучу лагерехь дIадаханчу шерашкахь наркотикашна дуьхьало ярна лерина бинчу балхо берашна дикачу агIор тIеIаткъам бина.
«Уггаре хьалха, спортан декъехула цхьаьнакхетарш, конкурсаш хир ю. Толамхошна кечдина дипломаш, совгIаташ ду. Бераша хазахетарца дакъалоцу оцу конкурсашкахь, цхьаьнакхетаршкахь. Иштта, наркотикех долучу зуламех, бохамех дерг а кIорггера девза царна», – дуьйцу М.Амаевас.
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахийн министерствон социальни программийн отделан куьйгалхочо Осмаева Заретас билгалдаьккхира наркотикашна дуьхьало ярна лерина дIахьочу белхашкахь бераша шайн могашаллаIалашъярна боккха тидам бан безаш хилар.
З.ЛОРСАНОВА
