Цкъа бен стаг дуьнен чохь вехац,
Галваьлларг нисван дац атта,
Сонталла хьекъале ларац –
Нийса некъ ларбеш хьо латта.«Беран са акха ду», – олу,
«Ненан са – шен беран кийрахь», –
Олу-кха халкъана юкъахь,
Нана вай къахеташ лору.Дас-нанас кхиадо бераш:
Вонах уьш лардан а гIерта:
Ойла яхь, харцонах хедаш,
Iема уьш нийсонах кхета.Наноша яхь Iамош хилла,
Оьзда некъ ларбар а лиъна;
Бер кхиор ду сийлахь Iилма,
Уьш хилахь нийса некъ хиъна.Мохк ларбан шайн бераш Iамош,
Стогалла шаьш цаьргахь кхетош,
Сий лардеш бу оьзда наной, –
Дехар вай, вонах уьш къестош.Дуьнен чохь гоьваьлла хиларх,
Мел воккха къонах и ларарх,
Цхьанна а дехар цадаларх,
Зударшна дош луш вай хилла.
№42, шинара, хIутосург (май) беттан 30-гIа де, 2017 шо