Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Дуьненаюкъарчу хIорда тIера Россин «Адмирал Эссен» фрегато а, хибухахула лелачу «Краснодар» кемано а тIемаш долу «Калибр» ракеташ тоьхна Шемарчу Пальмира шахьарна герга гIоьртинчу «Иблисан Пачхьалкхан» гIеранашна. Иттаннаш террористаш а, церан тIеман техника а хIаллакйина. Иштта тохар деш хилар дIахаийтинера США-н, Израилан, Хонкаран куьйгаллина.

***
ОвгIанан пачхьенерчу Германин посольствона уллехь машен эккхийтина. Оцу бохамехь лаххара а 90 стаг кхелхина, 380 стагана чевнаш йина. Царна юкъахь дипломаташ а, журналисташ а бу. Зулам дарх долу жоьпалла шайна тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» куьйгалхоша. Ткъа талибаша дIахьедина шаьш цунна бехке цахилар.

***
Ирландехь тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а тоделла бахархоша законаш лардар, лахделла зуламаш дар. Зуламаш деш беш цахиларца доьзна оцу махкара пхи набахти дIакъовла дезна Iедалан, белхахой шайн цIа а хьовсош. Иштта хьал хила дезар-кха дуьненан ерриге а пачхьалкхашкахь.

***
Африкин а, Iаьрбийн а мехкашкара Европе схьаоьхуш болчу мигрантех деккъа цхьана хIокху шарахь 1 700 стаг кхелхина Дуьненаюкъарчу хIорда чохь. Царна юкъахь зударий а, бераш а ду. Хьал иштта доллушехь совцуш бац оцу хIордаца Европин пачхьалкхашка схьаоьхуш болу мигранташ.

***
Эрмалойчохь доьхкуш ду юкъараллин меттигашкахь цигаьрка озар. Иза оьзначунна гIуда тухур ду. Цу тайппана бехкамаш бар ларамаза дац. Таханлерчу денна оцу махкарчу божарех хIора шолгIаниг цигаьрка узуш ву. Тонкане марзлуш бу зударий а, мехкарий а. Европерчу цхьана а пачхьалкхехь бац Эрмалойчохь санна дукха цигаьркаш узуш болу нах.

***
Селхана Санкт-Петербургехь шен болх дIаболийна дуьненаюкъарчу XXI-чу экономикин форумо. Цигахь дакъалоцуш ву 60 сов пачхьалкхера 7 эзар гергга стаг. Царна юкъахь бу дуккха а пачхьалкхийн куьйгалхой, экономикин министраш, бизнесменаш. Асаран (июль) беттан кхоалгIачу дийнахь берзор бу форумо шен болх.

***
Россин Президента В.Путина стомара Кремлехь «Родительская слава» орденашца совгIаташ дира дукха бераш кхиийначу дай-наношна. Царна баркалла а элира. Цул сов, орденашца совгIат диначарна (хIоранна) бIе-бIе эзар сом а делира. Оццу дийнахь мехкан Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Россехь берийн бакъонаш ларъяран векалца А.Кузнецоваца.

***
Россин Правительствон Председатель Д.Медведев Москвахь цхьаьнакхийтира ОПЕК-н Генеральни Секретарца М.Баркиндоца. Цара дийцаре дира мехкадаьтта даккхарехь а, дохкарехь а дуьненахь кхолладелла хьал. Д.Медведевс билгалдаьккхира ОПЕК-ца цхьаьна гIуллакхаш дар шина а агIонна чIогIа пайдехь хилар.

***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс ши де хьалха правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира аьхкенан муьрехь берашка садаIийтаран, церан могашалла чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Д.Медведевс губернаторшна тIедиллира берашка садаIийтаран гIуллакх шайн семачу тергонехь латтор.

***
Россин МИД-с вайн махкара аравоккхуш ву Молдовера 5 а, Эстонера 2 а дипломат. Царна пхи де хан елла дерриге а гIуллакхаш дIадерзо. Россин МИД-н иштта гIулч яккха дезна оцу пачхьалкхаша шайн махкара вайн дипломаташ арабахар бахьана долуш.

***
Ша а тухуш, чIогIа мехаш а хьоькхуш, догIанаш даьхкина хIокху деношкахь Россин иттаннаш регионашкахь. Iаламан бохамаш хиллачарна юкъахь нисъелла ГIалгIайчоь а, вайн лулара кхийолу республикаш а. Цигахь ша тоьхча дуккха а машенаш йохийна, цIенойн тхевнаш талхийна.

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: