Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Олимпийский» спорткомплексехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара республикин шахьаршкарчу а, кIошташкарчу а РДЮСШ-кара 200 сов спортсмен.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттиг яьккхира Бертаев Расула (59 кг.), ткъа Мучураев БатIала (73 кг.), Зубайраев Зелима (73 кг.) кхоалгIа меттигаш ехира.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: И.Мучураев, Ш.Вараев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо