ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь билгалдаьккхира Ерригроссин Библиотекийн де. Цигахь дакъалоцуш вара республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди, цуьнан хьалхара заместитель Милькиев Рустам, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, Грозненски кIоштан куьйгалхо Хасиев Бекхан, республикин библиотекийн белхахой, яздархой, юкъараллин организацийн декъашхой, книгашъешархой.
Корматаллин денца республикин библиотекийн белхахой декъал а беш, вистхилира Дааев Хож-Бауди: «Библиотекаш я книгаш яцахьара, вайн дахар чолхе хир дара, Iилма лахара хир дара. Аш, библиотекарша, боккха болх бо ешархошца, къаьсттина вайн кегийрхошца, царна книгаш ешар марздеш. Книга адамашна а, Iилманна а юкъара тIай ду. ХIорамма а ша туьллуш ду и тIай, ткъа аш книгашца кхачоярца аьтто бо Iилмане кхийдачунна. Сих-сиха вовшахтуху кхоллараллин суьйренаш, билгалбоху алссам книгаш йоьшурш».
Оцу цхьаьнакхетарехь билгалдехира бекарг (март) беттан 20-чу дийнера хIутосург (май) беттан 3-чу дийне кхаччалц дIаяьхьначу «Библиотекина книга ло – 2017» республикин гIоьналлин акцин жамIаш. Республикин школаша а, берийн бошмаша а, больницаша а, юкъараллин организацеша а (20 эзар гергга стага) дакъалаьцна оцу акцехь. Нохчийн Республикин библиотекийн фондаш тIеюьзна 127 746 книгица. Библиотекаршна а, книгашъешархошна а боккха кхаъ хилла оцо библиотекин терхеш мелла а хьалаюьзна хиларо.
Цул тIаьхьа билгалбехира «Библиотекарь года – 2017» конкурсан толамхой. Оцу къовсамехь дакъалоцуш 14 библиотекин 19 библиотекарь яра.
Хьалхара меттиг яьккхира Гуьмсан кIоштан библиотекин методико-библиографин отделан заведующис Джамалова Людмилас, шолгIа меттиг – Невран кIоштан Савельевски юьртарчу библиотекин заведующис Ибрагимова Лайсас, кхоалгIа меттиг – Теркан кIоштан Макан-Отарарчу библиотекин заведующис Тербулатова ПетIамата, Грозненски кIоштан Керла-ЦIоьнтарарчу библиотекин заведующис Луаева Маккас.
Толамхой билгалбехира дипломашца а, мехалчу совгIаташца а, иштта оцу конкурсан хIора а дакъалацархочунна а дира совгIат. Цу тIехь дерзийра цхьаьнакхетар.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо