ХIокху деношкахь Шелан кIоштан Берийн библиотекехь Бочкаева Зулайн берашна лерина «Нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а суьрташкахь» аьлла книга йовзийтира.
Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара республикин Парламентан депутат Бердукаев Сайпи, Шелан кIоштан дешаран урхаллин нохчийн меттан а, литературин а методист, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо Исраилов Iабдул-Хьамид, оцу кIоштан администрацин векал Нунаева Iайшат, «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар, яздархо Айдамирова Машар, Зулайс дешначу №8 йолчу школехь 44 шарахь директор лаьттина, тахана пенсехь йолу Езиева Элима, Шеларчу школашкара хьехархой а, дешархой а, Зулайн бевза-безарш, гергара нах.
Книга йовзийтар дIахьош яра «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап. Книго берийн дахарехь дIалоцуш йолчу меттигах а, цо Iилмане буьллуш болчу некъах а, лаьцна дийцира Зайнапа.
Цул тIаьхьа дош делира Айдамирова Машаре.
Цо доцца дийцира Абузаран кхоллараллех а, цо тIаьххьара язйинчу «Вайн амалш» книгах а лаьцна, иштта, книго берийн дахарехь дIалоцуш долчу маьIнех лаьцна а.
«Зулайс бина болх нохчийн мотт кхиорна юкъадиллина доккха дакъа ду. Книги тIехь ледарлонаш леха ца оьшу. ХIунда аьлча и санна йолу книга хIинццалц хилла яц. 20 дакъа долуш йолу и книга вовшахтоха а, зорбане яккха а рицкъ хиларх ца тоьа, доьналла а хила деза», – элира М.Айдамировас.
Б.Шамсудиновс билгалдаьккхира Нохчийн меттан хьокъехь Указ арадаьккхина карарчу шарахь 10 шо кхаьчна хилар а, делахь а, оцу 10 шарахь Зулайс санна кхечара а алссам белхаш бина хиллехьара, мотт кхиорна юкъадилла доккха дакъа хилла хирг хилар а.
Бочкаева Зулайн «Нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а суьрташкахь» книга йовзийтар цхьа бутт хьалха республикин А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь а хиллера, делахь а, ша йиначу, яьхначу, шен дегайовхо лаьттачу Шелахь юха а книга йовзийта лиира цунна. Зулайс, бераллехь дуьйна а ша леллачу Шелан кIоштан Берийн библиотекина шен книгаш елира, иштта хьуьжарна а, ша дешна хиллачу школина а, хьехархошна а елира книгаш.
Зулайс даггара баркалла элира книгина суьрташ дохкуш, доггах къахьегначу Нохчийн Республикин хьакъйолчу художникина Даудова Фатимина. Книгин чулацамца, оцу тIехь долчу хIора дашна догIу сурт дилларо хазйина книга. Книги тIехь доггах къахьегна хилар гуш ду муьлхха а цуьнан агIо схьайиллича.
Безамна суьрташ дохуш дерзийра цхьаьнакхетар.
ВЕГИЕВА Макка
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо