Массарна а хууш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана бераш, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье оьзда, ийманехь, гIиллакхе, Iилма долуш, Даймахке безам болуш, дайн Iадаташ тIехь кхетош-кхиорна боккха тидам тIебохуьйтуш хилар а, и гIуллакх шен коьртачу декхарех цхьаъ лоруш хилар а. Цунна бIаьрла тоьшалла лара догIу Россин Президента Путин Владимира масех де хьалха арадаьккхинчу Указан гIолоцуш, иза даггара къобалдеш дина къамел. ТIедогIуш долу итт шо вайн махкахь Бераллин Итт шо дIакхайкхоран хьокъехь долу Россин Президентан Указ даггара ша къобалдеш хилар, иза кхочушдаран декъехь ницкъ ма-кхоччу къахьоьгур хилар хаийтина цо.

Оцу Указаца нийса а догIуш Россин Федерацин Правительствос кхо бутт хан ялале чIагIъян езаш ю, Итт шеран гурашкахь, 2020-гIа шо тIекхаччалц болчу муьрехь дIадахьа дезаш долчу гIуллакхийн план. Гуш ма-хиллара, тIаьхьенга ца тоьттуш дIадолор долуш ду Указ кхочушдаран декъехь долу гIуллакхаш.
– Со тешна ву вайн пачхьалкхерчу миллионаша бахархоша и сацам доггаха къобалбарца тIеоьцург хиларх. Тахана вай берийн хьокъехь гIайгIабаре хьаьжжина хир ду Россин кханалера де. Цунах цхьа а тешо гIерта оьшуш ду аьлла ца хета суна. Хьекъале, дешна, могаш болу кегийрхой вайн Даймехкан – Россин – гIортораш хилла дIахIуьттур бу. Уьш иштта кхиорхьама Iедалан дерриге а тIегIанашкахь, бизнес-юкъараллашкахь, юкъараллашкахь кIорггера ойла йина болх дIабахьа беза, – элира Кадыров Рамзана, инстаграмерчу агIонехь цу хьокъехь ша къамел деш.
Цо иштта дийцира Нохчийчоьнан куьйгалла хинболчу наношна, берашна, дешархошна оьшуш мел долу хьелаш кхолла гIерташ къахьоьгуш хиларх лаьцна. «Оха еш ю берийн бошмаш, бераш даран цIенош, реабилитаци яран туьшаш, берийн могашалла тояран лагерш. Амма цо вайна оьшуш долу жамI лур дац, нагахь санна вай цуьнца цхьаьна церан дог-ойла, синош, хьежамаш кхиорна тIехь болх беш ца хилахь. И гIуллакх а даима а тхайн хаддазчу тергонехь латтош ду тхо», – яздо республикин Куьйгалхочо.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира: «Вайн Россехь совнаха адамаш дац. Экономикин керла (районаш) меттигаш караерзорна, промышленность, транспорт, Iилма, культура, агропромышленность кхиорна, мехкан оборонин нуьцкъалла лаккхарчу тIегIанехь латторна миллионаш, иттаннаш миллионаш къона а, могаш а нах оьшу вайна».
Кадыров Рамзанна хетарехь, Россин Президента Путин Владимира бераллин Итт шо вайн махкахь дIакхайкхийна «вайх хIоранна а шена тIехь долу жоьпалла хаийта а, бераллин вуно яккхий проблемаш дIаяхарна шен хьокъала йоллу хазна юкъайиллийта а».
«Вай хIинца кхечу кепара хьовсур ду оцу декхаре, ойла йийр ю республикин тIегIанехь вайн кхочушдан хьуьнар кхочур долчу дерриге а гIуллакхийн, уьш кхочушдан а хьовсур ду», – дерзийра Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо