Республикехь белхи дIабаьхьира

Ерригроссин экологин «Баьццара Росси» белхин гурашкахь Нохчийн Республикехь кху шеран 30-чу августехь белхеш дIабаьхьира. Оцу дийнахь республикин ерриге а министерствийн а, ведомствийн а, районийн, яртийн адмистрацийн а белхахой бара шайна билгалъяьхна меттигаш цIанъеш.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахоша шайн гIишлошна гуонахара меттигаш дIацIанйира. Полицейскеша масех сохьтехь бинчу белхан жамIаш дара къегина, сирла урамаш. Нехех цIанйинера лаьтта бухахула дехьаволу меттигаш, машенаш дIахIитто меттигаш, урамерчу дитташна а, некъийн бордюрашна а кир тоьхнера.
Иштта Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерство а елира цу дийнахь ара, урамаш цIандан оьшуш болу гIирс а эцна. Оцу министерствон административни-бахаман отделан хьаькама Кадыров Индарбис дийцарехь, юьртан бахаман министерствон куьйгалло цIано латторна боккха тидам тIебохойту.
– Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан куьйгаллехь а волуш, меттахIиттийна вайн гIаланаш а, ярташ а хазачу суьртехь латтайо кху тайпанчу мероприятеша. Ткъа тхан министерствос гуттар а дакъалоцу белхешкахь, – бохура цо.
Нохчийчоьнан автомобилийн некъийн министерство а ца йисира «Баьццара Росси» белхина юьстах. Хаза, малх кхетта, къегина деана де дара церан самукъадоккхуш. Масех сохьтехь уьш ларийра министерствон гIишлонна гуонахара меттиг хазъян.
Иштта кхечу министерствоша а лецира дакъа оцу белхехь.
Ерригроссин экологин боламо Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон а, Курчалойн районан администрацин а гIоьнца «Нехаш а йоцуш», «ЦIена урам» белхеш дIабаьхьира Курчалойн районехь. Цигахь дакъалоцуш 1200 стаг а, 25 техника а яра.
ЦIанйинчу меттиган барам 165000 кв. м. бара. Эзар сов стага къахьегар бахьана долуш район дуккха а хазъелира.
Курчалойн районан администрацин куьйгалхочун декхаршкхочуш деш волчу Черхигов Идриса доккха баркалла элира оцу белхех дакъалаьцначарна.
– Белхи бар чIогIа мехала ду. Вайн ярташкахь цIано хилийтархьама вай массара а цхьаьна къахьега деза. Вайн хIораннан а йиш ю шайн кIетахь цIано ян а, иза ларъян а, – бохура И.Черхиговс.
Ерригроссин экологин белхи ламанан районашкахь а дIабаьхьира.
Цу дийнахь Веданан районехь Iуьйранна дуьйна догIуш догIа дара, делахь а районан бахархой шайн район цIанъян арабевлира. Районехь къинхьегаман акцехь дакъалаьцнарг верриге а 95 стаг вара. Хьаьжи-Эвларчу зераташна гуонахара меттигаш а, хинан а, некъийн а йистош а цIанйира цара.
Цу тайпа белхаш дIабаьхьира республикин ерриге а районашкахь.
ерригроссин экологин «Баьццара Росси» белхи дуьххьара дIабаьхьна
2013-чу шеран август баттахь Россин Федерацин регионашкахь гуонахара хьал лардаран а, экологин хьал тодаран а шеран гурашкахь. Цу шарахь ерригроссин белхех 3 млн. россихочо дакъалаьцна.
Р.Абдулмуслимов

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: