ГIалахь ерриге а бегIийлаш хилийта Iалашо ю

ХIокху деношкахь республикин ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, дIаяьхьира «ГIалахь бегIийла хьелаш кхоллар» проект кхочушъяран ведомствошна юкъарчу комиссин хьалхара кхеташо.

Проект регионан Куьйгалхочун сацамца хIоттийна республикехь гIалахь аьттонаш болу хьелаш кхолларан мероприятеш эвсараллица кхочушъяран Iалашонца. Кхеташо дIахьош вара республикин Правительствон Председателан заместитель, Автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар.

Кхеташонехь дакъалоцуш бара республикин кIоштийн куьйгалхой а, юкъараллин организацийн а, «Единая Россия» партин а, Ерригроссин халкъан фронтан а, Нохчийн Республикехула волу федеральни коьрта инспектор а, республикин коьрта архитектор а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а, Пачхьалкхан хIусамийн тергаман а, республикин лаккхарчу дешаран заведенийн а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш.

Цигахь дийцаре дира проект кхочушъярехь деш долу гIуллакхаш, тIеийцира комиссин белхан регламент. Къаьсттина тидам тIебахийтира дIахьош йолу мероприятеш шуьйрачу хаамийн гIирсаша йовзийта езаш хиларна.

Нохчийн Республикин бахархойн дахаран-Iеран цIеналла а, къепе а, аьттонаш а хилийтар – иза ду республикин Куьйгалхочо ГIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствона хьалхахIоттийна коьрта декхар. И проект кхочуш а еш, гIаланийн юкъара белхеш дIабахьар дика ламаст хилла дIахIоьттина Нохчийн Республикехь.

Проектан декхар ду гIалахь тоьлла хьелаш хилийтарна бахархой жигара юкъаозор а, гIалин хьелаш тодарехь долчу бахархойн дIадолорийн гIолацар а, республикин гIаланийн а, кIоштийн а историн маьIна долу сибат лардар а. Оцу декъехь бахархошца зIе латторан Iалашонца министерствос презентаци йина «ГIалин хьелаш» интернет-изданина. Керлачу сайта юкъахь гIалийн куц-кеп тояран регионан программа кхочушъярехула болу берриге а хаамаш бу. Иштта, бахархойн аьтто бу тоеш йолу шайн керташ я уьйтIенаш программи юкъаяхийтархьама электронни дехар дан а. Оцу сервисна тIекхочийла ю мобилан берриге а гIирсашца.

I.МУРТАЗОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: