Россин политикин историн музейхь – Нохчийчуьрчу харжамийн материалаш

ХIокху деношкахь Политикин «Единая Россия» партин республикехула йолчу офисехь оццу партин республикерчу кхочушдаран комитетан куьйгалхо Зайналабдиев Валид цхьаьнакхийтира Россин политикин историн пачхьалкхан музейн Iилманан лаккхарчу белхахочуьнца Кудзеев Леонидаца а, Музейн Iилманан-гайтаман отделан белхахочуьнца Гребенкин Александраца а.

Цхьаьнакхетарехь билгалделира Россин политикин историн пачхьалкхан музейн фондашка Нохчийн Республикехь дIабаьхьначу харжамийн хьокъехь йолу материалаш дIалург хилар. Хьешийн лаам кхочуш а беш, Зайналабдиев Валида 2016-чу шарахь республикехь дIабаьхьначу харжамех лаьцна агитацин материалаш а, цигахь дакъалоцуш хиллачу кандидатийн суьрташ а, кхайкхамаш а, аларш а тIехь долу афишаш а, постерш а, Нохчийн Республикин Парламентан II-чу кхайкхамо тIеэцначу законийн тептар а, иштта, республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 55 шо кхачарна лерина арадаьлла хиллачу «Рожденный побеждать» журнал а делира Музейн фондана.

– Кадыров Ахьмад-Хьаьжина, цунна тIаьхьахIиттинчу накъостийн а майралла а, ницкъ а кхачар бахьана долуш, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь республикехь Референдум дIаяьхьира. Оцу дийнахь дуьйна республикин а, цуьнан халкъан а дахар машарехьа болчу некъа дирзира, – билгалдаьккхира шен къамелехь Зайналабдиев Валида.

Россин политикин историн пачхьалкхан музейн Iилманан лаккхарчу белхахочо Кудзеев Леонида дийцира Музейн фондана елла йолу материалаш пачхьалкхан хьесапе эцна хиларх а, кхул тIаьхьа гайтамашкахь а, Iилманийн белхашкахь а пайдаоьцуш лелориг хиларх а лаьцна.

Билгалдаккхар: Россин политикин историн пачхьалкхан музей – Россин юкъараллин политикин дахаран XVIII-чу бIешарера дуьйна долу тоьшаллаш Iалашдеш йолу Россин историн-политикин музей, федеральни пачхьалкхан бюджетехь йолу культурин учреждени. Карарчу хенахь Музейн фондехь 474 000 сов экспонат ю. Музейн Iалашо ю Россин юкъараллин политикин культура кхоллар.

И.ИСЛАМОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: