Мехала цхьаьнакхетар
МОСКВА. Белхан гIуллакхашца доьзна Россин пачхьене ваханчу хенахь Адыгейн Куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волу Кумпилов Мурат цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Советан Председательца Матвиенко Валентиница. Дийцаре дира Адыгейн социально-экономика кхиоран гIуллакхаш.
Сенаторийн спикера билгалбаьккхира тIечIагIйинчу меттигашкахь депутаташка шайн декхарш кхиамца кхочушдайтарна тIехьажийна регионан Парламентехь беш болу боккха болх. Тидам тIебахийтира цигахь законодательни Iедал боккха сий-ларам болуш хиларна.
Регионан векала хаам бира республикехь къаьмнашна а, динашна а юкъахь барт хиларе кхаьчна хиларан, оцу хьоло меттигера экономика кхиорна дикачу агIор боккха тIеIаткъам беш хиларан хьокъехь. Шайн хиндерг лорура цо регионехь предпринимателийн гIолацар, инвестицеш юкъаялорна хьелаш кхоллар.
Кумпиловс Федерацин Советана даггара баркалла элира бахархойн хьаштех хьакхалуш долу мехала гIуллакхаш къастийна цхьалхадахарехь республикина гIо дарна.
Уьйраш шорлуш ю
МАГАС. ГIалгIайн Республикин Правительствон пресс-службо бечу хаамца, дукха хан йоццуш Москвахь Хонкаран посолан резиденцехь гайтира ГIалгIайчохь инвестицеш юкъаяхка йолу таронаш.
Цигахь дакъалоцуш вара Хонкаран посол Дириоз Хюсейни, ГIалгIайн Республикин Правительствон Председатель Гагиев Руслан, Россин-Хонкаран гIуллакхаллийн кхеташонан Председатель Полонкоев Ахьмад, Россин а, Хонкаран а предпринимателийн ассоциацин куьйгалхо Капааслан Наки, регионан экономика кхиоран министр Торшхоев Умалат, меттигерчу юьртан бахаман министр Гагиев Мухьаммад, регионан туризмехула йолчу комитетан председатель Хамхоев Беслан, бизнес-юкъараллин векалш.
Шаьш дика тIеэцарна Хонкаран посолана баркалла а олуш, Гагиев Руслана билгалдаьккхира экономика кхиорна кхачояран Iалашонца регионехь агропромышленни комплекс, промышленни производство, жима бизнес, хIусамийн гIишлошъяр, туризм санна долу дакъош кхиорна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар. Цо иштта хаийтира инвестицийн проекташ кхочушъярехь республикехь инвесторийн массо а агIор гIолоцуш хилар, регионехь тешам боллуш бизнес кхиорна хьелаш кхуллуш хилар. Цунна тIехьажийна гIуллакх деш ду регионан законодательство а.
Бюджет стамъелла
БУРУ-ГIАЛА. Кху шеран чекхбаьллачу беа баттахь, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, Къилбаседа ХIирийчоьнан бюджет алсамъяьлла 8,2 процентана, я 86,6 миллион соьмана.
Иштта хаам бира меттигашкахь шаьш урхалла даран органашца цхьаьнагIуллакхаш дарна лерина хиллачу кхеташонехь муниципальни финансаш алсамъяхарна тIехьажийна гIуллакхаш деш йолчу комиссин куьйгалхочо регионан вице-премьера Поляков Анатолийс. Цо чIагIдарехь, оцу гайтамашка кхача таро хилла кIоштийн бюджеташка кхочуш болу налогийн а, налогийн боцу а пайданаш алсамбахаран чоьтах. Ма-дарра аьлча, тIебогIуш болчу пайданийн дерриге а тайпанашкахула кхиар хиларе кхаьчна.
Ахча тIекхетар ду
СТАВРОПОЛЬ. Крайхь вехаш къинхьегаман а, тылан а 240 эзар гергга ветеран ву. Регионан Iедалийн сацамца царна хIора баттахь луш долу ахча еа процентана алсамдер ду.
Оцу Iалашонна бюджетехь билгалдина 4,2 миллион соьман барамехь ахча. Цунах лаьцна хаам бира меттигерчу къинхьегаман а, бахархой социальни декъехь ларбаран а министерствехь.
Иштта билгалдаккха догIу хIара шо долалуш Ставропольехь бер дича цкъа луш долчу ахчанан барам алсамбаьккхина хилар. Ткъа дIадаханчу шарахь крайн туьшахь социальни гIолацаран Iалашонна къастийра 1,8 миллиард соьман барамехь ахча.
Хаамийн гIирсашна – гранташ
ХIИНЖА-ГIАЛА. Дагестанехь дIадолийна шуьйрачу хаамийн гIирсашна лерина йолчу регионан куьйгалхочун гранташна конкурсехь дакъалоцу болчеран заявкаш дIаэцар.
ЧIагIйина 2,75 миллион соьмана йолу 10 грант. Билгалйина номинацеш: «республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналистийн къаьмнийн меттанашкахь йолчу кхоллараллин проектийн гIолацарна», «Интернетан хаамийн телекоммуникационни сетехь РД-н васт дикачу агIор гайтарна тIехьажийна йолчу проектийн гIолацарна», «журналистийн инновацин тематикина йолчу кхоллараллин проектийн гIолацарна», кхиерш.
Регионан хаамийн министерствехь чIагIдарехь, ведомствос гIолоцур ду билггал жамIаш хиларе кхочур болчу кхоллараллин белхийн.
Интернетан сайташ тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо