Вайн дахаран зезагаш

Бераш лардаран дуьненаюкъара де асаран (июнь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьненарчу 60 сов пачхьалкхехь билгалдоккхуш долу иттаннаш шераш ду. Официально иза дуьххьара даздар хилира 1950-чу шарахь. Делахь а, и де даздар юкъадаьлла дIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь.

Исторера вайна хууш ду 1925-чу шарахь аьхкенан хьалхарчу дийнахь Сан-Францискехь хиллачу Чинин (Китай) Генеральни консула, да-нана доцуш дисина бераш схьа а гулдина, царна Дуань-у цзе дезде хIоттийна хилла хилар. Иза девзаш ду Саьрмикийн хинкеманийн фестиваль санна. Оцу хиламца цхьаьна, оццу дийнахь Женевехь дIаяьхьира берашна а, кхиазхошна а лерина хьалхара дуьненаюкъара конференци. Цигахь дийцаре дира тIекхуьуш йолу къона тIаьхье кхетош-кхиорна новкъарло еш долу гIуллакхаш а, уьш кхетош-кхиорехь, царна оьшу хьелаш кхолларехь долу кхачамбацарш а. Оцу хиламаша кхоьллира берашна лерина дезде юкъадаккхаран ойла.

Официально и дезде чIагIдира дуьненан шолгIа тIом чекхбаьллачул тIаьхьа 1949-чу шарахь Зударийн демократин дуьненаюкъарчу федерацин ноябрехьлерчу Конгрессехь. Дуьненан исторехь Бераш лардаран де дуьххьара билгалдаьккхира 1950-чу шеран асаран (июнь) беттан хьалхарчу дийнахь. Цунна лерина даздарш дIадаьхьира 51 пачхьалкхехь. Уьш дIадахьаран коьрта Iалашо яра шайн бакъонаш ларъян, хьашт-дезарш дIакхайкхо гунахь доцчу берийн проблемашна баккхийчеран а, Iедалан а, юкъараллин а тидам тIебахийтар. Уггаре а хьалха и гIуллакх юкъадаьккхинчарна лаьара бераш мацаллех а, тIамах а лардан. Оцу конференцехь дакъалоцуш хиллачара чIагIо йира вайн дерриге а дуьненахь машар хилийтарехьа шайн ницкъ кхочург дерриге а дан.

ООН-хь къобалдира Зударийн демократин дуьненаюкъарчу федерацин Конгрессан дIадолор. Цо шен хазна юкъайиллира тIекхуьу къона тIаьхье ларъярна. 1959-чу шарахь ООН-хь беран бакъонийн Деклараци хIоттийра. Цу юкъайогIура кхиаза болчу гражданийн бакъонаш законашца ларъярна кхачоеш йолу цхьамогIа статьяш. Деклараци юридически ницкъ болуш ца хиллехь а, дукхах йолчу пачхьалкхаша къобалдеш тIеийцира цу тIехь дерг.

Цул тIаьхьа 30 шо даьлча, 1989-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь ООН-хь кечйира беран бакъонийн хьокъехь Конвенци. Иза берана хьалха долу пачхьалкхан декхарш билгалдохуш долу коьрта тептар дара. СССР-н Лакхарчу Совето оцу Конвенцина ратификаци йира, вуьшта аьлча, иза шайн махкахь кхочушъян тIелецира 1990-чу шеран мангалан (июль) беттан 13-чу дийнахь. Оццу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чу дийнахь иза законан ницкъе йирзира. Тептарехь (документехь) ерриге а 54 статья ю. Цара билгалйоху берийн бакъонаш, иштта довзуьйту царна хьалха долу баккхийчеран, дай-нанойн декхарш.

Башха де ду бераш лардаран дуьненаюкъара де. Оцу дийнан шен байракх а ю. Бецан басахь йолчу оцу байракха тIехь даьккхина дуьненан сурт ду. Цунна гуонаха тайп-тайпана беснаш долу, вовшийн куьйгаш лаьцна долчу берийн суьрташ ду. Вайга, баккхийчаьрга, вовшашца бертахь, машаре хиларе кхойкху бераша…

Россехь хIинца а дукха лерина даздеш ду Бераш лардаран дуьненаюкъара де. Иза цкъа а мукъа де ца хилла я хIинца а дац. Делахь а, оцо цуьрриг а новкъарло ца йо и билгалдаккха. Оцу дийнахь дIаюьйлалуш ма ю берашна чIогIа дукха езаш йолу аьхкенан каникулаш, садаIаран уггаре а хаза мур бу иза. Оцу муьрехь школашкахь а, школе дахаза долчу берийн учрежденешкахь а спортан къийсадаларш, конкурсаш, концерташ дIаяхьар, цхьаьний фильмашка хьовсар, самукъане кхин гIуллакхаш дIадахьар ламасте дирзина.

Иштта, и дика ламасташ лар а деш, гIаланийн а, шахьарийн а майданашкахь, паркашкахь берийн суьртийн конкурсаш, гайтамаш дIахьо. Иттаннаш шераш хьалха а санна бераша асфальта тIехь, экъанаш тIехь маьлхан, маьршачу стигалан, вовшийн куьйгаш лаьцна долчу ден-ненан суьрташ дохку. Шайн бераш сил дукха дезаш болчу наноша и де шайн берана уллехь, цаьрца цхьаьна доккху, царна совгIаташ до, церан дог-ойла ир-карахIотто, церан самукъадаккха хьовсу.

Нохчийчохь а дай-наношна а, берашна а уггаре а хьоме хетачух ду бераш лардаран дуьненаюкъара де. Оцу дийнахь церан хьашташна шайн неIарш схьайоьллу ерриге а гIаланашкарчу, кIошташкарчу садаIаран паркаша а, майданаша а. Нохчийчоьнан маьрша стигал къагайо бес-бесарчу лоппагаша. Шо-шаре мел дели зовкхе, токхе хуьлуш ду вайн берийн дахар. Иза кхин а беркате, ирсе самукъане хилийтаран дуьхьа къахьоьгуш бу берриге а дай-наной, регионан куьйгалхой, юкъаралла. Оцу къинхьегаман жамIаш вай даккхийдеш а ду.

С.ХАСАНОВ

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: