Журналистикин новкъа бехира

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира «Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой Iаморан а, юхаIаморан а туьшехь» дешна бевллачарна дипломаш дIадалар.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма, Россин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Хатуев Ислам, оцу туьшан куьйгалхо Юнусов Хьамзат, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхой. Мероприяти дIахьош яра Баркинхоева Заира а, Седа а.

Хьа лхара дош олуш вистхилира Хь.Юнусов. Цо элира: «Дешархошна зорбанан, хаамийн электронни гIирсашкахь а, телерадиокомпанешкахь а болх бан аьтто бина оха. Шайна Iамийначух пайда а оьцуш, могаш-маьрша а, ирсе а хIорш бехийла луур ду суна. Дала тIаьхье беркате йойла шун».

Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран цIарах  къона журналисташ декъалбира Гудаев Лоьмас. «Ас Умаров Джамбулатан цIарах декъалдо шу! Шух редакторш а, церан заместительш а, министраш а хир ду. Цундела хIокху халачу дахарехь, шун аьтто хуьлийла а, аш тахана дIаболийначу керлачу некъан тIаьхье беркате хуьлийла а лаьа суна», – элира цо.

Туьшо хIокху шарахь арахецнарг 55 дешархо ву. Царах 8 дешархочунна цIен дипломаш делла.

Журналистикин Iилма Iамош дика чекхбевллачарна Гудаев Лоьмас цIен дипломаш а, Хатуев Ислама вуьйш (сийна) дипломаш а дIаделира.

Шайн хьехархошна баркаллин дешнаш олуш бистхилира Туьшан арахецархой.

Цхьаьнакхетар дерзийра Туьшан арахецархоша шаьш кечйина концертни программа гайтарца.

АСЛАХАНОВА Хеда

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: