Воккха-Дадин шича кхелхина ши бутт баьллера. Тезет тоххарехь дIадирзинера, сагIа а даьккхинера. ХIетте а цуьнца гIиллакх хIоттош, хIара волчу веанера юьртара Iусман. Цо Воккха-Даде элира: «Вайн вешин кIанта йоIе хан йиллийтина хилла. Дийцарехь, йоI кхана араер йолуш ю. Шух эхь а дера хета, гIиллакхе а дера ца хета тхуна и хIуманаш лело…».
– Ма. Мегар дац. Данне а. Тхан тезет дIадирзина. Оха Iаьржа духар а охьадиллина. Висинарг вахаза а, Iаза а ма ца волу… Шайн гIуллакх чекхдаккха аш. ЙоIа араяла хан йиллинехь, леррина цхьа кечамаш беш баьхкина хир бу цуьнан гергарнаш а. Шу а ца довлу нускал дIа ца дерзийча. ЙоI схьаялае, соьгара пурба ду шуна. Ловзар а хIоттаде. Диканиг. Кхана хIун хир а ца хаьа, Дала барт цхьаъ бойла шун, – элира воккхачу стага.
– Ловзар де боху ахь?
– Дера боху. Зуда ялийначохь ловзар товш ма ду. Ас хIоттаде боху ала ахь. Зуда ялийначунна а, нускална а деш ма дац иза я аш шайна деш а дац. Юьртана, хьешашна деш ду. Церан самукъадалийта, къонанаш вовшашна бовзийта… Тахханехь дIакхайкхаде!
– ЭхI, Дела реза хуьлда хьуна, Воккха-Дада, хьо волчу веача даима а дагна хьаам хуьлий дIавоьду-кх со. Бала-гIайгIа дIаайло. Сагатдеш хIума а ца хуьлу. ХIинца а, «хах» аьлла сапаргIат дели. Ловзар боху и IалагIожа вовшах ца етта хилла ойла а дIаели… Иза юьртана деш хилар дагара ма даьллера.
– Iусман, хьо сиха велахь а, ловзар даран гIиллакхаш вайн дайша муха лелийна дуьйцур ду ас хьуна, жимма цара хIоттош хилла ловзаран кеп хьуна дага а йоуьйтуш. Кхана оьшур ду хьуна. ХIинца ловзарш хIиттош кхин къахьоьгуш ма дац вай. «Ядайой» нехан йоI схьа а ялайой, цхьана-шина сохьтехь кирхьанна тIехьа латта а йой, гIуллакхаш дан дIахIоттайо. Нийса дац иза. Вайн гIиллакхашца догIуш дац. Ас хьоьга а дуьйцу ахь иза къоначаьрга дуьйцийла лууш, ловзаран а, хелхаваларан а кеп царна хьоьхийла лууш.
Нохчийн ловзаре цхьа а кхайкха оьшуш дац. Вай буьйцурш кегийрхой бу. Мехкарий-м бехна, кхайкхина бало беза. ХIунда аьлча уьш бехке бу, экама бу. Церан дола деш, терго еш верасех цхьаъ хила веза. Иштта ду вайн гIиллакх, ловзар маьрша, юкъара делахь а.
Ловзар дIахIоттош мехкарий малхбалехьа я къилбехьа охьаховшабо, аьттоне хьожжий. Дукха мехкарий а, кегийнах а баьхкина хьал хилча, церан шишша-кхоккха могIа бан безаш хуьлу. Юьртара мехкарий хьалхарчу могIаре охьаховшабо, ткъа кхечу ярташкара баьхкина (балийна) мехкарий оцу юьртарчарна тIехьа совцу. Юьртара зудабераш царна тIехьа лаьтта.
Кегийрхой охьаховшаран кеп кхин ю. Хьеший, кхечу ярташкара баьхкина кегий нах хьалхарчу могIаре ховшу, юьртарнаш, хьешашна баьрче а юьтуш, хьалхарчу я шолгIачу могIаре охьаховшу я ирахь лаьтта. Хьалхарчу гIанта ховша гIерташ юьртарчу кегийрхоша гIовгIанаш яр, адамаш дIасатеттар вайн дайша осала лерина. Дан а ду иза осала.
Ловзаргахь адамаш дукха хиларна, кIентан дагахь дерг йоIе а, йоьIан дагахь дерг кIанте а (уьш хьалхе дуьйна вовшашна бевзаш хиллехь) дIасакхоьхьуш масех йоI а, кIант а хуьлу, леррина оцу гIуллакхна къастийна. ЙоIа, кIеззиг хьала а айаелла, маршалла хаттаран кеп хIоттийча бен кIанта йоIана тIе хабар дохьуьйтуш ца хилла. Ловзаргахь тхьамданийн метта Iаш, шен шина накъостаца, инарла хуьлура. Царна хьалха хIоттийна, даар-малар тIехь долуш, стол хуьлура. Царна гIо деш мехкарийн а, божарийн а тобанаш хуьлура. Хелхабовлучеран рагI ларъеш човс хуьлура. Цхьа пурстоп хуьлура. Нехан самукъадоккхуш, забарш еш жухаргаш хуьлура. Шайн забаршкахь цара емалдора осала, сонта лелар, бIаьрмецигалла, кхидерг. ХIинца вайна юкъара дIадевлла царах дукхахдерш. Жухаргаш, пелхьонаш бац. Делахь а, ловзаргахь инарла ца хилча ца волу. Цунна гIо деш ши накъост а хила веза. ХIусаман дайша, инарла векал а вина, цуьнан кара дIалуш ду ловзар. Иза шен хила дезачу хотIехь дIадахьар а, цуьнан хазалла гайтар а, гучуяккхар а инарлин говзаллех, хьекъалх доьзна ду.
Вай ловзарх лаьцна дуьйцуш хилча, йоI а, кIант а хелхадаларх дерг хьахоза дер дац. РагI тIекхаьчча хелхавала хьалагIаттаво кIант, цул жимма тIаьхьа – йоI. Ший а цхьана хенна юкъадолий, инарла волчу «баьрче» доьду, цигара, аьтту белш хьалха а йоккхий, хелхар дIадоладо. Цхьаъ вукхул гатбеш кхо гуо боккхуш, гуонна юккъе доьду. Вайн гIиллакхехь догIуш дац, магийна а дац кIажи тIехь хьовзар, буьхьига тIехь хьовза веза. Хелхаволуш волчу кIанта куьг белшал лакха ца айдо.
Хелхар дерзоран а ю шен кеп. Ловзаргахь йоI, айъина куьйгаш а долуш, цецбаьлла сай санна айлой, юха а хьоьжуш, шен метта охьахаар гIиллакхе дац. ЙоIа куьйгаш охьадахийтар кIантана а, цигахь мел волчунна а хаам бу: йоI хелхарна юкъара дIаяьлла. Цо корта теIо а, даг тIе куьйгаш дахка а оьшуш дац. Иза вайн халкъан Iадатехь хIума дац.
Шеца хелхаволуш хилла кIант инарлина хьалха сецначул тIаьхьа, шена цо байн корта таIош баркалла аллалц соцу йоI. Цул тIаьхьа, ший а шаьшшиннан метте дIадоьду, байн ког боккхуш. КIант охьахиъначул тIаьхьа бен йоI охьа а ца хуу. Иштта ду вайн гIиллакх.
Вайн ловзарга веанчо цхьана а тайпа харжаш ян езаш яц. Вай ца буьйцу шуьне кхайкхинарш. Царна тIехь ду совгIат дар а, несе мотт бастийтар а, иза гучу а йоккхуш. Несе кховдош дерг цуьнгахь дита деза. ТIаьхьуо, шена делла ахча марнене дIакховдийча хаза-м ду. Делахь а марнанас, схьа ца оьцуш, иза несехь дитича дика хир ду. Цуьнга сатесна хIума доций хаийтар а, дерриге а шен куьйга кIела латто ша гIертар цахилар а хоуьйту марнанас мотт бостуьйтуш делла ахча несехь дитаро, – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел. Цунна баркалла, Дела реза хуьлда аьлла, дIавахара Iусман, кхана ловзар хIоттадайта кечам бан.
С.ХАМЗАТОВ
№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо