Ненан мотт – дахаран хазна

«Мотт бу – къам ду

Мотта бац  – къам дац»

                              (А-Хь. Кадыров)

Маттаца  бен цхьа а хIума дийца йиш яц  вайн. Мотт вайн ойланийн а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а ца  хилча  йиш йоцу гIирс бу. Шен махке  болу бакъ безам шен матте  бацахь  маьIна  долуш бац.

Ткъа вайн цхьаболчу нохчашна оьрсийн мотт буьйцуш хаза хета. Ненан мотт хIусамехь  буьйцуш, оьрсийн мотт балхахь а, арахь а буьйцуш  берш  а бу.

Иштта буьйцучу маттах, меттанийн Iилманчаша  «кухни чуьра  мотт олу».

Меттанаш-м дукха  мел хии  а  дика  дара, ненан маттана  эшам  ца беш бийцича. Маттаца  доьзна  ду  гIиллакх  а, оьздангалла а.

Мотт боцу къам – къам дац. Мотт дIабаьлча  къам дIадолу. Цунах кхоьруш доьху  вайн мехкан Куьйгалхочо  Кадыров  Рамзана, вайга ненан мотт ларбе, дайн гIиллакхаш,  ламасташ Iалашде бохуш.

Кадыров Рамзана юкъадалорца  хIора шеран 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де  билгалдоккху. Оцу  дийнахь

ХIора шарахь 25-чу  апрелехь, даздаран хьолехь  билгалдеш ду нохчийн меттан Де.

Эзарнашкахь халкъаш ду дуьнен чохь,  ши эзар сов меттанаш а ду. Цхьа къам вукхунах къастош берг мотт бу, гIиллакх ду. Уьш дIатасахь,  дитахь, вай кхечу  къаьмнех дIауьйр ду. Цундела вайн ненан  мотт ларбан хьовса  деза. Шен ненан мотт ца  хаар, шен кхерч ца  ларар ду. Цундела   ненан мотт  кIорггера  Iамор  вайн  декхар ду.

Хьайн ненан мотт хаахь,

Дозалла ас до хьох,

Даггара и безахь,

Ас хастам  бо  хьуна.

Цунах ма херлолахь,

ДоттагIа, варийлахь,

Ненан мотт хьай бацахь,

Байлахь  вуй хаалахь!

 

Аьлла Саидов Билала нохчийн меттан хьокъехь.

НУНАЕВА Асият

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Ненан мотт – дахаран хазна” йаздарна бухахь

  1. Российн областийн цӀераш нохчийн маттахь:

    1. Амуран область
    2. Архангельскан область
    3. Астраханан область
    4. Белгородан область
    5. Брянскан область
    6. Челябинскан область
    7. Иркутскан область
    8. Иванован область
    9. Калининградан область
    10. Калуган область
    11. Кемерован область
    12. Кирован область
    13. Костроман область
    14. Курганан область
    15. Курскан область
    16. Ленинградан область
    17. Липецкан область
    18. Магаданан область
    19. Москван область
    20. Мурманскан область
    21. Нижни Новгородан область
    22. Новгородан область
    23. Новосибирскан область

    24. Омскан область
    25. Оренбурган область
    26. Орёлан область
    27. Пензан область
    28. Пскован область
    29. Ростован область
    30. Рязанан область
    31. Сахалинан область
    32. Самаран область
    33. Саратован область
    34. Смоленскан область
    35. Свердловскан область
    36. Тамбован область
    37. Томскан область
    38. Тулан область
    39. Тверан область
    40. Тюменан область
    41. Ульяновскан область
    42. Владимиран область
    43. Волгоградан область
    44. Вологдан область
    45. Воронежан область
    46. Ярославан область

    Мадарра

    https://ce.wikipedia.org/wiki/%D0%A0%D0%BE%D1%81%D1%81%D0%B8

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: