Нохчийн Республикин халкъан артистан Паскаев Рамзанан 70 шо кхачарна лерина

Жимма нохчийн пондаран историх

Дуьненна а хууш ду шелоно къинхетамза хIаллакдеш долчу адамашна церан кхерчаш бохбан Пхьармата цIе еанийла. Кест-кеста хеза вайна цуьнан турпалаллех долу къамелаш. Пхьармат хьакъ ву вай шена хастамаш бан. Делахь а, новкъадерг кхин ду: цкъа а, цхьамма а цуьнан жимах волу ваша Эпиметей цахьахавар. Шен вешица Пхьарматца и цIе ян вахана ву Эпиметей а, цхьацца бахьанашца сиха цIаверзар ца хиллехь а. Бакъду, цIавоьрзуш цо деана совгIат хIинца а дехаш ду халкъалахь, вай шех пайдаоьцуш а ду. Эпиметейс гайтина турпалалла, цуьнан башха цIе а тоххара массарна йицъелла, бIешерийн буьрсачу мехашкахь.

Амма халкъана, махкана дина дика хIинца а вайца дехаш ду, адамийн дегнаш хьоьстуш, дикане, къинхетаме, адамалле кхойкхуш. Иза пондар бу! ХIаъ! Вайна массарна дукхабезаш болу кехат-пондар бу иза. Желтойн ширачу махкахь «Ящик пандуры» олуш хилла цунах. Софокла яздо Пандурех лаьцна. Ширачу латинийн маттахь а «пандора» олуш хилла цунах. Нохчийн маттахь хIинца пондар олу оцу музыкин гIирсах. Цхьацца хабарш хеза кехат-пондар вай гIалагIазкхашкара схьаэцна бохуш. Уьш Теркаца баха ховшшалц пондар боцуш Iийна вай?! Пхьарматаца адамашна цIе ян вахана хилла цуьнан жимах волу ваша Эпиметей.

Бакъду, дуьхьалбевллачеран хIилланах Iехавелла, зуда ялийна цигахь цхьана ханна сецна хилла иза. Делахь а цIа-м вирзина, пондар а бохьуш. Таханлерчу пондаршца дуьстича, мелла а эгIаза кеп хилла хила там бу Эпиметейс деанчу совгIатан. Иза-м, зевне аьзнаш хазош долу, цхьа жима гIутакх хиллачух тера ду (музыкальная шкатулка). БIешерийн йохалла иза вайна сих а, цIийх а боьлла хилар гуш ду. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх пондар нохчийн къомо дIатосуш ца хилла. ЙоIбIаьрг санна ларбеш, сий-ларам беш, лелош хилла. Цунна къеггина тоьшалла ду 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъ махках доккхуш, Димин Iумара шеца дIабаьхьна пондар.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Iаьржачу бохамаша хьаьшначу Нохчийчуьра арабовлуш, Димин Iумаран кIенташа шайца дIабаьхьна дех бисина пондар. Иштта, буьрса кхехкачу тIеман кIуьрлахь пондар ларбинчарах цхьаъ ву Нохчийн халкъан артист Паскаев Рамзан а. ТIедухучунна, когадухучунна, юучунна, молучунна сагатдар доцуш, Соьлжа-ГIалахь бисинчу бахамна сагатдар доцуш, хIайкал санна, ларбеш лелош болу пондар кIелхьарбаьккхина Паскаев Рамзана. Хи доцуш ца мега чIара санна, и пондар боцучохь ша Iалург цахиларна. Таханлерчу дийнахь вайн махкахь тоьллачех цхьа пондарча ву Паскаев Рамзан. Де-буьйса лаьцна ладоьгIуш Iарх кIордор доцуш, говза локху цо пондар. КIорггера девза нохчийн къоман мукъамаш. Довзарал сов, цаьрга болу безам синбIов хилла дIахIоьттина пондарчин дахарехь. Пондар каралаьцна, цуьнан каде пIелгаш пиллигех хьакхаделлачу мIаьргонехь, цкъа а нохчийн мукъамаш хезна воцучун а кхоллало цаьрга безам. ЛадогIархойн дог ловзадоккхуш, сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш, дикане, адамалле, къинхетаме кхойкхуш дека цуьнан пондаран аз. Мах боцу беркат хилла дIахIоьттина Рамзанан башха кхолларалла. 50 шо сов хан ю артиста нохчийн къоман сцени тIехь къахьоьгу. Халкъан музыкальни кхоллараллина кхоьллина ву аьлла хета иза.

Къаьхьа чам беттало бералла

Шен нийсархой санна, Казахстанехь вина Паскаев Рамзан 1947-чу шеран бекарг (март) беттан 19-чу дийнахь. Джамбулан областерчу Тараз кIотарахь дIатарбеллера ПаскаевгIеран доьзал. Рамзанан да Бетарсолта киралелочу йоккхачу машенахь шоферан болх беш вара. Нана, цIахь-чохь дан дезарг деш, доьзалан Iуналла деш яра. Нийса хир дацара уьш хьолана букъбелла зовкх хьоьгуш хилла аьлча. Махках баьхна кхиболу нохчий санна, хало, харцо, гIело, мацалла ловш, хене болуш бара церан доьзал а. Амма суьйранна, Даймахках хьоьгуш, хийрачу махкахь доккхучу кхойтта шеран ехачу суьйренашца доьзалан дас Бетарсолтас дечиг-пондар схьаоьций, мукъам балош, мелла а самукъадоккхура доьзалан а, лула-кулара чубаьхкинчеран а. Цуьнан хIусамнана яра пондар лакха хууш а, хазачу озаца тIаьхьара мукъам балош а. Бетарсолтас говза локхучу пондаро дикка яййора суьйренийн гIайгIа, къаьсттина воккхавеш хуьлура Рамзан.

Цхьа хан яьлча, дас-нанас тидам бира, жима велахь а, Рамзан ша пондарх тийсалуш хиларан. Школе деша вахале Iемира цунна дечиг-пондар. Гуш дара иза ларамза цахилар а, пондарца долу гергарло Рамзанан кIорггера, уллера хирг хилар а. Машенахь генарчу ярташка, кIошташка вахар-вар кест-кеста нислучу Бетарсолтас, цхьана дийнахь, эцна аккордеон беара. Массарал хьалха Рамзанна Iемира иза. Аккордеон жима бацара, кIанте халла бен хьала ца айалора, иза караэцна охьахиъча, цунна тIехьа гуш а ца хуьлура кIант. Амма иза караберзо болу боккха лаам бара Рамзанан. Иштта, итт шо кхачале кIантана аккордеон лакха Iемира. Цунна бен бацара муьлхха мукъам а. Нохчийн, оьрсийн, казахийн цкъа а хезна боцу мукъам шен аккордеонца дIалакха хууш вара.

Хала хан яра иза. Даа-мала тоьаш дацара, барзакъца беркъа дара, делахь, а Р.Паскаевн дахарехь уггаре а ирсе хан яра Казахстанехь цо пондар Iамийнарг. Цкъачунна шен дог лаьттачу дикане кхаьчнера кIант, шовкъе лаам кхочушхилла, дуьххьарлера ирхе яьккхинера цо, цу ирхене боьдучу новкъахь нислучу очакхаша къар ца винера, кхиаза йолу амал кагйина юха ца ваьккхинера. Иза тешна вара заманан йохалла шех бакъволу пондарча хирг хиларх. Мел жима велахь а, кIант кхеттера – воьдучо муьлхха а некъ эшош хиларх. 1956-чу шарахь дуьххьара хезира цунна радиохула вайнехан говзанчаша пондар локхуш. Евзира бакъболчу пондарчийн цIерш: Димаев Iумар, Дикаев Жуьнид, Хамхоев Ахьмад, Анзорова Балкан, Айдамирова Марем, иштта дIа кхин а. Исс шо дара кIентан оцу хенахь. Амма ойланех хьерча лаам Iаламат боккха бара.

Сцени тIе боьду некъ

1957-чу шарахь кхиболу нохчий санна, дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзира ПаскаевгIар. Кхидолу бераш санна, Казахстанехь дIадолийна дешар чекхдаккха школе вахара Рамзан а. Дас-нанас тIедожорна, ца вахча цаваларна, хIора Iуьйранна дIавоьдура цига кIант. Амма цуьнан ойла хаддаза цIахь бисинчу пондарх хьерчаш яра. Ур-атталла нийсархошца ловзар а наггахь бен ца хуьлура цуьнан. Де дийне мел долу а пондарца долу гергарло чIагIлуш дара. Вижар-гIаттар а цуьнца дара. Эххар а, ворхI класс чекхъяьккхина велира. ТIаккха балха хIоьттира. Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан кхоллараллин туш яра Рамзанан дуьххьарлера белхан меттиг.

1960-чу шеран аьхке яра иза.13 шо хан а яра цуьнан. Вайн махкахь дика вевза сценин говзанча Битаров Заурбек вара халкъан кхоллараллин туьшахь кегийрхой хелха бовла Iамош. Цо пондарчин балха дIаийцира Рамзан. Сцена йовзар а Заурбека гIо-накъосталла деш хилла жимачу стеган. Пондарчин куьйгалхо хилла Iаш вацара иза, цунах воккхах волу белхан накъост, доттагI, уллера верас хилира цунна заманан йохалла. Артистан атта боцучу некъа тIе шен дуьххьарлерчу куьйгалхочун гIоьнца ваьлла, аьлла хеташ ву Паскаев Рамзан хIинца а. Битаров Заурбека аьтто бира Нохч-ГIалгIайн Республикин корматаллин дешаран урхалле балха хIотта а. Цигахь дуьххьара Димин Iумар ган а, цуьнга вистхила а ирс хилира Рамзанан. Цо пондар локхуш бIаьрг кхеттачу Димин Iумара элира: «Хаддаза къахьегахь дика пондарча хир ву». Ткъа къахьега-м къона артист аганара гIаьттичахьана Iемина вара.

ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь кест-кеста хуьлура тайп-тайпана хьажарш, конкурсаш, фестивалаш. Даима а цигахь дакъалоцуш хуьлура Рамзан. Кехат-пондар лакхаран номинацехь цо, дукха хьолахь, хьалхара меттиг йоккхура. Цунна къеггина тоьшалла ду 1962-чу шарахь Москвахь хиллачу Ерригсоюзан халкъан кхоллараллин хьажаршкахь дакъалаца цуьнан аьтто хилар. Кремлан сцени тIехь дIахьош дара и хьажарш. Цигахь а толам баьккхира вайн махкахочо, цунах доккха беркат а делира. 1963-чу шарахь пондарча дехарш а дина Нохч-ГIалгIайн Республикин хелхарийн а, эшарийн а ансамбле (хIинца «Вайнах») дIавигира. Делахь а, Рамзана дукха ца бо хелхарийн ансамблехь болх. Нохч-ГIалгIайн Республикин телерадиокомитетехь Чергизбиев Зайндис вовшахтоьхначу керлачу ансамбле дехарш дой дIавуьгу къона артист.

ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь вайн махкарчу кхоллараллин тобанаша къуьйсуш говза пондарча вара Паскаев Рамзан. Кхойтта шарахь болх бира цо радиокомитетан ансамблехь, цхьана юкъанна ансамблан куьйгалхо а хилира иза. Амма 1967-чу шарахь дукхабеза болх юкъахбита дийзира. Иза эскаре вахара, Даймахкана декхар дIадала. Приволжскан тIеман округехь вара Рамзан гIуллакх деш.

Юьхьанца Тольятте курсашка хьажийра пондарча. Цигахь масех бутт баьккхинчул тIаьхьа, дисина цхьа шой ах шой Самарехь даьккхира, гарнизонан ансамблехь. Рамзанан ойла Нохчийчоьнах хьерчара, цунна буса гIенах гора цIахь бисина шен кехат-пондар, иза каралаца, нохчийн зевне мукъам Iанабохуьйтуш дIалакха сакIамлора. Говза пондарча хиларал сов, Паскаев Рамзан яхь йолуш нохчийн кIант вара, мел яккхий халонаш тIехIиттарх, доьналлех вухур воцуш, ша бахьанехь дегахь а, ненехь а гIайгIа латтор йоцуш. Кхин цхьана хIуманах а кхийтира вайн турпалхо эскарехь ши шо доккхуш. Говза пондарча хилар цхьаъ ду, ткъа муьлххачу корматаллин лакхене кхача хаарш оьшуш хилар – кхин ду. Эскарехь волуш чIагIло цуьнан, Даймахкана декхар дIаделла ваьлча деша ваха, Iилманан кIоргенаш Iамо, нотин хьаьркаш йовза йолу ойла.

Юьхьарлаьцначу Iалашоне

1969-чу шеран гурахь эскарера цIа вирзира Паскаев Рамзан. Ша дIавахале болх беш хиллачу Нохч-ГIалгIайн телерадиокомитетан ансамбле юха балха хIоьттира иза. Ткъа 1970-чу шеран бIаьста Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн культпросветучилище деша вахара, балхана юкъах ца волуш. Дешар а, болх а цхьаьна дIакхехьа цкъа а ца хилла атта. И деза дукъ текхийначунна хуур ду цуьнан хьал. Хаддаза дан деза гастролин некъаш, дIаяла еза экзаменаш, зачеташ, наб ян рагI ца тоьа буьйсанаш. ХIетте а, кхиамца чекхъяьккхира цо культпросветучилище. Цул тIаьхьа культурин белхахой кечбечу Краснодарерчу институте деша вахара. Замано гойтур ду цIархазмана и дешаран кхерчаш Паскаев Рамзана чекхбаьхна цахилар. ХIинццалц пондарча санна артист вайна вевзаш хиллехь, Краснодарера институт чекхъяьккхина валале зазадаьккхира цуьнан композиторан похIмано. Нохчийн къоман музыкин культурехь керла дош хуьлий юкъадолу Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь Рамзана мукъам баьккхина Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Магомедов Султана дIаолуш долу «Кавказан Iуьйре» цIе йолу илли.

Ламанан баххьашкахь дешица къега хьо,
Аьрцнашкахь пепнашца, бегаш беш лепа хьо,
Шийлачу шовдан чу зIаьнаршца хьоьжу хьо,
Малхаца гIаьттина Кавказан Iуьйре.
Серлонца, машарца хьо йогIу яйча,
Кавказан ламанхойн сакъерало,
Олхазарш хьаннашкахь Iаламна делало,
Органан тулгIенийн дог ийало…

Iуьйранна дуьне хьаста кхеттачу нур-дашочу маьлхан зIаьнаршца йохье дуьйлуш, самукъане, ладогIархойн дог-ойла хьостуш зевне илли дара иза вайн махкахоша дезаш тIеэцна. И илли юкъадаьлла дукха хан ялале, 1977-чу шарахь къоман культура кхиорехь Паскаев Рамзана баьхна кхиамаш тидаме эцна, Iедало цунна совгIат дира «Нохч-ГIалгIайн хьакъволу артист» сийлахь цIе тилларца. Иштта, керла хIуо дохьуш деанчарах дара Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь цо мукъам баьккхина «Хьан дагара хиъча…» цIе йолу илли а.

Мел йогIу буьйса кхоьлина йогIу,
Стиглара мархаш елхаеш.
Цхьа Iаьржа марха къилбехьа йолу,
Дуьненан гIийла ойла еш.
Седарчий стиглахь гучу ца довлу,
Со шайна гушшехь хьо ларъеш,
Мел дехарх, маьлхан догIа ца догIу,
Лозучу дагна гIоли еш.
Хьо йолчу агIор, мархаш зарзйина,
Кхета лаьар-кха беттаса.
Маржа-яI! Тховса, хьан дагара хиъна,
Ца верза йиш елар-кха сан!

Композитора Р.Паскаевс нохчийн къоман хьаьттахь дуьххьара яьхна гIулчаш яра и ши илли. Оцу иллешкахь хаало авторан говзалла, корматалла, похIма. ХIетахь дуьйна 500 сов мукъам баьккхина цо. 1972-чу шарахь Ерригсоюзан «Мелодия» фирмо Паскаев Рамзанан мукъамийн дуьххьарлера диск арахецна. «Лекха лаьмнаш» яра цуьнан цIе. Оццу фирмо 1982-чу шарахь кхин цхьа диск арахийцира цуьнан мукъамаш тIехь болуш. Цуьнан цIе «Даймехкан некъаш» яра. И дерриге а дан иза лараво пачхьалкхан балхана юкъах ца волуш. 1999-гIа шо тIекхаччалц «Вайнах» ансамблехь солистан-пондарчин болх беш вара Рамзан. Вайн махкахь боьдуш тIом хиларна 2000-чу шарахь кхоалгIа диск арахийцира Рамзана «Марзо» цIе а тиллина. ХIора мукъам лирикех буьзна бара. ХIора илли махкахошка Делан диканах дог цадилларе кхойкхуш дара, мел бодане буьйса а цкъа мацца а дIаериг хиларх дегайовхо кхуллуш. Безаман марзонах ирс эца Iамош.

Юха а буьйса ю, сов еха буьйса,
Седарчийн тхов кIелахь тийналла йижна,
Генарчу стиглара, шен «хIусаме» босса,
Бутт а бу стиглара къоналлин болар сихдина.
Юха а буьйса ю. Хьомечу юьртахь
Хьо хир ю со санна, наб яйна хьийзаш,
Безаман тулгIеша айдина кийрахь,
Хьайн дуткъа, хаза аз эшаршка доьрзуш…

Нохчийн поэтан Айсханов Салманан дешнаш тIехь Паскаев Рамзана мукъам баьккхина ду и илли. Нохчийн поэтийн байташ тIехь болх бина Iаш вац пондарча. КIезиг дац цо мукъамаш бохуш гIалгIайн поэтийн дешнаш тIехь а даьхна иллеш. Яндиев Жемалдис, Чахкиев СаьIида, иштта дуккха а кхечу гIалгIайн поэташа тешадора шайн поэзин могIанаш Рамзанан корматаллах. Царах дукхахдерш гIалгIайн къоман музыкин культурехь классика хилла дIахIиттина. И тидаме а эцна ГIалгIайчоьнан куьйгалло доккха совгIат дина вайн пондарчина 2006-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 14-чу дийнахь «ГIалгIайн мехкан халкъан артист» сийлахь цIе яларца. Нийса хир дацара луларчу къаьмнаша иштта вазвина, сий дарца айъина лелош волчу композиторан вайн махкахь а и цIе ца елча.

2007-чу шеран хьаьттан (август) беттан 31-чу дийнахь дуьйна «Нохчийн Республикин халкъан артист» еза цIе дозаллица лелош ву иза. Нохчийчохь тоьллачех цхьаъ волу пондарча, шех Къилбаседа Кавказехь гIараваьлла мукъамийн говзанча хиллера аьлла, даг тIе куралла йоьссина вац. Иза даима а цхьанаэшшарехь ву, массаьрца кIеда-мерза, муьлххачу стагана гIо-накъосталла оьшучохь орцахвала кийча. Замано шераш дIаидош, дахар гуьйренгахьа лестинехь а, хIинца а къахьоьгучура саца дагахь вац Паскаев Рамзан. ИтталгIа диск арахеца кечдина волуш а ву. «Даймехкан кхайкхамца» цIе тилла дагахь ву иза 55 шарахь сов нохчийн къоман сцени тIехь, садаIар доцуш, хьанал къахьегарца ша биначу белхан жамI дарна лерина арахоьцучу дискана. ЦIе муьлхха хилахь а, вай тешна хир ду зевне мукъамаш дискана юкъагIург хиларх. Цунна теш хIуьтту дIаяхана зама, пондарчас баьхна башха мукъамаш.

Карахь долчу 2017-чу шарахь 70 кхаьчна воккхачу пондарчин Паскаев Рамзанан. Кхиамийн лакхене а, юьхьарлаьцначу Iалашоне а хьаналчу къинхьегамца кхаьчна артист. Амма иза хIинца а кхоллараллин лехамашкахь ву, керлачу анайисте кхийдаш ву. ДIаяьллачу хено къар ца вина иза. Бакъволчу массо а художникан санна, даима а са сирла лаьтташ стаг ву Рамзан. Ткъа са сирла хиларо ницкъ ло ша схьаваьллачу къоман дуьхьа гIел ца луш ваца, къахьега, адамийн дог хьаста. Къам дезар, иза дуьхьал мел кхеттачунна мара веттавалар ма дац! Къоман зовкх кхио лаарца хьанал къахьегар ду. Иштта дог резадина къахьегарца шен дерриге а дахарехула чекхваьлла Рамзан. Цундела вайна дукхавеза, хастаме дош аьлла цуьнан догъэца лаьа, дог мел лаьттачу дикане пондарча кхача лаьа. Ма дика ду иштта башха адамаш вайн махкахь долуш. Церан синкомаьршаллица дуьйцинчу похIмано денна хазъеш схьайогIу Нана-Нохчийчоь. Къомо шех дозалла дан хьакъволчу къонахех цхьаъ ву Нохчийн Республикин халкъан артист Паскаев Рамзан.

ГАЗИЕВА Аза

№43, пIераска, асаран (июнь) беттан 2-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: