Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтина тIаьхьарчу хенахь Европерчу цхьамогIа пачхьалкхашкахь тIаьхьарчу хенахь хуьлучу зуламех а, бохамех а лаьцна шена хууш хилар а, ша сагатдеш хилар а. Цо билгалдаккхарехь, бехк-гуьнахь доцу адамаш, шайна юкъахь бераш а долуш, дайъар а, теракташ яр а чIогIа даьржина Европехь. Иштта хаам бина цо Instagram чуьрчу шен агIонехь.

«Иттаннаш шераш хьалха оцу тайпанчу зуламашна куьг бехке пачхьалкхашкахь карчамаш бан я Iедалан урхаллин кеп хийца Iалашо йолчу кегийрхойн тобанийн жигархой хиллехь а, хIинца, теракт йича я маьршачу нахана тIехула киралело машен хаьхкича, оцу декъехь шайн лар лерринчу службаша йитича санна хетало. Таханлерчу дийнахь террорах адамаш хIаллакдаран а, церан кхетамна Iаткъам баран а гIирс бина. Тоьллачу пачхьалкхаша терроризмах лаьцна хабарш а ца дуьйцуш, шайн ницкъаш цхьаьна а тоьхна, дуьненаюкъарчу терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало ца яхь, и хьал хийцалур долуш дац. Вайна массарна а хаа дезаш ду террорана доза бохучу хIумано цхьана а кепара дуьхьало еш цахилар а, иза муьлххачу а гIала кхача тарлуш хилар а», – яздо республикин Куьйгалхочо.
Иштта, цо билгалдаккхарехь, шайн дахарна муьлххачу а минотехь кхерам хирг хилар тIе а эцна, оцу хьолехь даха адамаш реза хуьлуш хилар а ду тIаьхьалонна кхерам болуш хIума. Цу тIе, иттаннаш, бIеннаш адамаш а кхелхаш, йиначу терактах лаьцна хаам а, Европерчу цхьана пачхьалкхан министра шен доттагI маре вигина хиларх болу хаам а юх-юххехь гойту хаамийн дукхах болчу гIирсаша.
«ТIаьхьарчу ткъех шарахь Нохчийн Республикера бIеннаш эзарнашкахь махкахой дIакхелхина Европе. Царна машар а, кхерамазалла а хир ю бохуш, кхайкхамаш бина шайн хенахь. Иштта Iехийна бу уьш. Амма, тахана гуш ду церан дахарна а кхерам хилар. Къилбаседа Африкехь а, Герггарчу Малхбалехь а, Иракъехь а, ОвгIанехь а шаьш зуламаш дечу хенахь, Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхошна хаа дезаш дара изза зуламаш, хьаьвззина шайн пачхьалкхашка кхочург хилар. Цундела, тахана, тхайн махкахой кхерамехь болчу муьрехь, оха Европерчу пачхьалкхашка тIедожжош доьху церан кхерамазалла ларъяр. Нагахь санна тхан дехар кхочушдан шайн ницкъ кхочур бацахь, иза схьахаийтар а доьху оха», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Цу тIе, цо дIахаийтина европахошна терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь зеделларг довзийта Нохчийчоь кийча хилар а.
«ХIинццалц и зулам бахьанехь вай мел лайнарг дага а лаьцна, цхьаьна а кхетта, адаман коьртачу мостагIах лата деза вай – дуьненаюкъарчу терроризмах а, экстремизмах а. Оцу декъехь тхо кийча ду тхайна зеделларг довзийта а, эшахь, гIо дан а. Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь Нохчийчоьнан санна долу зеделларг кхечанхьа цхьанхьа а карор дац», – дерзийна Р.Кадыровс шен дIахьедар.
И.АДАМОВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо