ХIокху деношкахь энергетикин «Чеченэнерго» компанин (акционерийн юкъаралла) коьртачу офисехь оццу предприятин Кхочушдаран директора Докуев Русламбека кхеташо дIаяьхьира Юкъараллин дакъойн хьаькамашца а, шен заместительшца а, коьртачу инженераца а.
Кхеташонехь дийцаре дира Юкъараллина декхарийлахь болчу абоненташка хаамаш дIакхачоран декъехь «Россин Почтица» цхьаьнагIуллакхаш дар а, цунах а гIуллакх хуьлуш ца хилахь, уьш токах дIахадорехь лелор йолу кеп а. Иштта, компанин бакъонийн дакъа чIагIдеш хилар а хаийтира. Корпоративан-бакъонийн декъан хьаькам Юсупов Ахьмад хIоттийна.
Делахь а, кхеташонан коьрта дакъа кхин дара – «Россети» компанис Къилбаседа Кавказехь йолчу энергетикин ерриге а компанешна юкъахь Нохчийн Республикерчу «Чеченэнерго» компанина финансийн гIо-накъосталла дина хилар. И ахча, биначу бартаца нийса а догIуш, «Чеченэнерго» компани кхиоран программа кхочушъярна хьажор долуш ду.
«Республикин Куьйгалхочун хьехамча а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат а, Нохчийчохь энергодакъа кхиоран штабан куьйгалхо а волчу Делимханов Адаман Москвахь «Россети» компанин Коьртачу директорца Бударгин Олегаца хиллачу цхьаьнакхетаран гурашкахь хилла вайн Юкъараллина финансийн гIо-накъосталла даран сацам. Билгалдаккха догIу и цхьаьнакхетар республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIадаьхьна хилар а, дуьйцучу финансийн гIо-накъосталлин хьалхара транш компанина оьшуш йолу кхузаманахьлера техника эцарна хьажор хилар а», – элира Докуев Русламбека.
Оцу хиламца гулбелларш декъал а беш, кхидIа хир йолчу траншех пайдаэцархьама оьшуш болу бух кечбар тIедиллира Р.Докуевс.
«Республикин энергетикин промышленностана карарчу хенахь шен сеташкахь йолу проблемаш дIаяха а, кхиоран программа кхочушъян а аьтто баьлла. Уггаре а хьалха вай декхарийлахь ду Юкъаралла кхиоран программин хьалхара мур кхочушбан оьшур болу гIирсаш а, техника а билгалъяккха», – бохура цо.
Цул тIаьхьа компанин филиалийн куьйгалхошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира кIошташкахь долу хьал. ХIора а кIоштарчу векала билгалдаккхарехь, цара массара а коьртачу проблемех цхьаъ лору Юкъараллица кехата тIехь бина барт а боцуш, токах пайдаоьцуш болу «абоненташ». Федеральни законодательствоца нийса а догIуш, оцу тайпана болу «абоненташ» закон талхош берш ларалуш бу, царна дуьхьал административни гIуллакхаш дан магош ду. Делахь а, «Чеченэнергона» кхаьчна болу «абоненташ» законодательствехь буьйцучарех къаьсташ бу – цара, кехата тIехь бина барт бацахь а, шаьш пайдаэцначу токах догIуш долу ахча хIора а баттахь дIалуш ду.
Оцу гIуллакхца йоьзна мел йогIу агIонаш теллинчул тIаьхьа, Юкъараллин Кхочушдаран директоран Р.Докуевн а, компанин кIошташкарчу филиалийн куьйгалхойн а барт хилира лакхахь хьахийначу «абоненташца» кехата тIехь барт баран гIуллакх шина-кхаа кIиранах чекхдаккха.
И.ИСЛАМОВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо