ОвгIанехь юха а тIекIал кхузза эккхийтар дина. Оцу бохамехь 20 стаг кхелхина, 87 стагана чевнаш йина. Царна юкъахь алссам маьрша нах бу. Зуламах долу жоьпалла тIелаьцна «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацийн куьйгалло.
***
Лондонехь а йина ши теракт. Цхьаъ – рынкехь, шолгIаниг – тIай тIехь. ТIай тIехь террористаша микроавтобус тIетоьхна маьршачу нахана, ткъа рынкехь террористаша лондонхошна а, туристашна а арсаш диттина, цхьа а къеста а ца веш. Оцу бохамехь 7 стаг кхелхина, 48 стагана чевнаш йина. Царах 21 стаг вуочу хьолехь ву.
***
Лондонехь йиначу терактаца доьзна Великобританин куьйгалле а, халкъе а кадам бина дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхийн куьйгалхоша. Уггаре а хьалха кадам биначарна юкъахь ву Россин Президент В.Путин.
***
Шемин Президента Асад Башара хIокху деношкахь дIахьедира: «Шемара хьал жим-жима толуш ду. Уггаре а чолхе хан дIаяьлла. Iедалан эскарша денна ондда тохарш ду террористашна деш. Царах цIанъеш ю гIаланаш а, ярташ а.
***
ХIинццалц мелла а синтеме хеталуш йолчу ГIажарийчохь а масех де хьалха эккхийтар дина. Зулам дина Шираэ шахьарахь йолчу махлелоран туьшахь. Цигахь 34 стагана чевнаш йина. Кхелхинчеран хьокъехь цхьа а хаам бац.
***
Къилбаседа-атлантикин альянсан (НАТО-н) 29-гIа декъашхо хилла дIахIуттур ю герггарчу хенахь Черногори. Цу хьокъехь болу сацам тIеэцна оцу альянсан куьйгалло. Гуш ма-хиллара, шен ницкъаш алсамбохуш ю НАТО.
***
Дуьненаюкъарчу валютийн фондо а, Дерригдуьненан банко а къобалйина Украинехь дIаяхьа йолийна пенсионни реформаш. Цунах кхаъ хилла болчу Украинин куьйгалхоша сатуьйсу шайна оцу фондо а, банко а керла кредиташ даларе.
***
Боккхачу кхиамца чекхъяьлла Санкт-Петербургехь дуьненаюкъара экономикин форум. Цигахь дакъалоцуш хиллачарна юкъахь уггаре а йоккха яра США-ра еана делегаци. Форумехь дакъалоцуш хиллачара Россица 2 триллион соьмана гергга тайп-тайпана барташ бина.
***
Тверан областерчу цхьана дачехь Москварчу 45 шо долчу вахархочо, шен лулахошца дар-дацар хилча, топ етташ 9 стаг вийна. Царна юкъахь 4 зуда а, 5 стаг а ву. Зулам дарна бехке верг полицин белхахоша схьалаьцна. Талламан Комитетехь уголовни гIуллакх дIадолийна.
***
Свердловскан областехь, чIогIа мох а хьоькхуш, догIанаш дахкар бахьана долуш хIокху деношкахь электросерло йоцуш висинера лаххара а 38 эзар стаг. Таханлерчу дийнахь дIахьош ду электроэнергица кхачояр меттахIоттор.
***
Волгоградан областерчу цхьана юьртахь цIийнах цIе ялар боккха бохам хуьлуш дирзина. Цу чохь хилла 3 бер кхелхина. ЦIеяларан бахьана толлуш бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо