Шо-шаре даларца чIагIлуш а, шорлуш а ю Нохчийчоьнан кхечу пачхьалкхашца йолу экономикин а, политикин а зIенаш. Цунна кхин а цхьа делил ду масех де хьалха Санкт-Петербургехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу экономикин форумехь Нохчийн Республикин а, Бахрейн пачхьалкхан а делегацийн хилла цхьаьнакхетар а, цигахь дийцаре дина гIуллакхаш а.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» АО-н Директорийн советан председатель Байсултанов Одес, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, ткъа иштта шайн коьртехь Бахрейнан премьер-министр шайх Салман Бин Халиф волу оцу пачхьалкхан делегацин векалш.
Бахрейнан премьер-министра Салман Бин Халифа билгалдехира Россица а, Нохчийн Республикица а цхьаьна гIуллакхаш дан тарлуш долу некъаш. Цо дийцарехь, Бахрейн кийча ю туризмехула, исламан банкингехула, спортехула, юьртан бахамехула Россица а, иштта Нохчийчоьнца а цхьаьна гIуллакхаш дан.
«Тхо, хаза а хеташ, цхьаьна гIуллакхаш дан лууш ду Нохчийчоьнца. Бахрейн исламан банкинган йоккха туш ю. Тхуна луур дара шун банкираш тхо долчу кхайкха. Цаьрца оха йийцаре йийр яра исламан финансировани яран таронаш. Тхан декхар ду оцу декъехь некъ баккхар а, шун а, тхайн а банкашца, финансийн организацешца болх дIаболор а», – элира Салман Бин Халифа.
Нохчийн Республикин делегацин векалша дIахаийтира шаьш Бахрейнера а, кхечу пачхьалкхашкара а туристаш тIеэца кийча хилар. Туризм кхидIа а кхиоран Iалашонца дIахьош бу Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка а, СаIудийн Араве а хIаваан кеманаш лелар юкъадаккхаран болх. И болх чекхбаьлча, оцу пачхьалкхашкарчу бахархойн аьтто хир бу, кхечанхьахула гуо а ца туьйсуш, дуьххьалдIа йолчу рейсаца Соьлжа-ГIала схьабахка а, кхузара шайн махка юхабаха а. Изза аьтто хир бу оцу пачхьалкхашка кхача лууш болчу Нохчийчоьнан а, луларчу регионийн а бахархойн.
Дийцаре диначу гIуллакхашна тIехь кхидIа а болх бан а, билггал барт бан а сацам хилира Бахрейнан а, Нохчийчоьнан а делегацийн декъашхойн. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо