Нохчийчоьнан халкъаш бертахь деха

06e01352ef30

Тахана, 6-чу сентябрехь, Нохчийчохь даздеш ду бахархойн бартхиларан, цхьааллин, маслаIатан де. Хууш ма-хиллара, и деза де 2002-чу шарахь шен указца юкъадаьккхина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин  Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.

Керла, маьрша Нохчийчоь когаяхийтаран юьхь дIайолийнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву. Оцу чолхечу, кхерамечу муьрехь цо шена хьалха хIоттийнера Iаламат хала Iалашо: Нохчийн махкахь маьрша дахар дIахIоттор, нохчийн халкъан барт бар. Цу хенахь уггаре а чIогIа оьшуш дерг дара иза. Нохчийчохь машар а, халкъан барт а ца хилча цхьа а хIума дойла дацара. Цунах массарал а дика кхетара Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан хIора дош, хIора гIулч оцу Iалашонна тIекхачарна тIехьажийна яра. Цунна бIаьрла тоьшалла ду бахархойн бартхиларан, цхьааллин, маслаIатан деза де Нохчийчохь цо юкъадалор а.

«Шен сий гIуллакхашца лакхадоккхуш вехара иза», – иштта олу шайн дахар, шайн са халкъана а, Даймахкана а дIаделлачу сийлахьчу адамех лоций. Царах вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. Цо дерриге а дира халкъ цхьаьнатохархьама, ир-кара хIотторхьама, халкъехь къанене тешам кхоллархьама. Амма, маржа-яI, дукха беза мах дIабала дийзир-кха оцу дийне кхачархьама. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента а, нохчийн халкъан эзарнаш кIенташа а шайн дахарш дIаделира оцу сийлахьчу Iалашоне боьдучу новкъахь. Делахь а цара динарг эрна ца дайна. Уьш халкъан иэсехь бисина. Эрна ца хилла Ахьмад-Хьаьжас хьегна къа а. Цуьнан лаамаш, сатийсамаш кхочушбеш схьавогIуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цунна муьтIахь долу нохчийн халкъ а.

ТIеман шерашкахь йохийна, саьлнашка ерзийна хилла гIаланаш, шахьарш, ярташ, урамаш, бошмаш меттIахIиттийна, хазйина, къагийна дIахIиттийна. Зезаг санна хазъелла дIахIиттина уьш. Цуьнца цхьаьна, Кадыров Рамзанан куьйгаллица, йина исбаьхьа гIишлош, дешаран, могашаллаIалашъяран, спортан объекташ. Сихачу боларшца кхуьуш ю промышленность, юьртан бахам, гIишлошъяр, ткъа иштта социальни дакъа. Массо а районехь бахархошна баха а, садаIа а бегIийла хьелаш кхоьллина. ХIора шарахь алсамйовлуш ю белхан меттигаш.

Республикин Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебохуьйту къаьмнийн юкъаметтигийн гIуллакхашна. Нохчийчохь бIеннаш шераш хьалха дуьйна цхьаьна бехаш бу дуккха а къаьмнийн векалш. Царна массо а кепара  гIо-накъосталла до Кадыров Рамзана. Церан хьашт-дезарш кхочушдо. Мехала гIуллакхаш до цаьрга шайн къаьмнийн культура, мотт, ламасташ лардайтаран а, кхиадайтаран а дуьхьа. Республикехь кхиамца болх беш  ю къоман-культурин исс центр, къоман-культурин шиъ автономи. Ша Нохчийчоьнан куьйгалле хIоьттича Кадыров Рамзана уггаре а хьалха арадаьккхинчех дара «Къоман политикин концепцин хьокъехь» долу указ. Цул тIаьхьа тIеэцначу къоман политикин концепцица а, республикин Куьйгалхочун хьокъала доллучу указца а нийса а догIуш, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дIахьо республикехь дехачу дерриге а къаьмнийн векалийн культурин денош. Оцу деношкахь церан аьтто хуьлу шайн халкъийн башха культура гайта, шайн гIуллакхех, ламастех лаьцна дийца.

Тахана Нохчийчохь бертахь цхьа доьзал хилла къахьоьгуш а, бехаш а бу нохчий, оьрсий, гIалгIай, гIезалой, гIалагIазкхий, гIумкий, ногIий, туркой, жIайхой, эрмалой, жуьгтий, дуккха а кхечу халкъийн векалш. Цара жигара дакъалоцу республикин социально-экономикин, юкъараллин-политикин, культурин дахарехь. Оцу халкъийн векалша хьокъала йоллу хазна юкъаюьллу Нохчийчоь кхиорна, къаьмнашна юкъахь машар, барт хилийтарна, делахь-хIета Россин дуккха а къаьмнийн юкъаралла цхьаьнатохарна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун указца тIеэцна йолу къоман политикин пачхьалкхан концепци доккха маьIна, кIорггера чулацам болуш мехала документ хиларе терра, цо билгалдоху къаьмнийн юкъаметтигаш аьхна, кIеда-мерза хилийтарехь пачхьалкхан Iедалан органаша дан догIу гIуллакхаш. Оцу документехь хьесапе эцна республикехь дехачу халкъийн векалийн историко-культурин башхаллаш, кхиаран а, когахIоттаран а чолхаллаш, регионехь карарчу хенахь къаьмнийн юкъаметтигашкахь долу хьал. Цундела, цу тIе а тийжаш, дIахьош болу болх кхиаме а, дика жамIаш луш а бу.

Иштта, билгалдаккха деза къаьмнийн юкъаметтигаш тояран, аьхна хилийтаран декъехь беш болчу белхан кепаш тIеттIа шаръеш, тоеш хилар. Масала, Нохчийчохь дIахьо кхузахь дехачу халкъийн гуламаш. Ала дашна, цу тайпана дуьххьарлера гулам 1990-чу шарахь дIабаьхьира. Цигахь вовшахкхийтира Къилбаседа Кавказехь, Москвахь, Санкт-Петербургехь, мехкан кхечу регионашкахь дехаш долчу халкъийн векалш. Гуламан коьрта Iалашо яра Нохчийчохь вина, Iийна мел верг, регионца бала мел берг цхьаьнатохар, царна массарна а Нохчийчоь вайн юкъара цIа хилар дагадаийтар.

Цул тIаьхьа, 2006-чу шарахь вайн республикехь хилира Нохчийчоьнан халкъийн Ассамблейн хьалхара гулам. Ма-дарра аьлча, Нохчийн Республикин керлачу исторехь халкъийн дуьххьарлера гулам бара иза. Цигахь дакъалецира Кадыров Рамзана, ткъа иштта дозанал арахьарчу вайн сий-ларамечу махкахоша, хьешаша. Цигахь дерриге а дуьненна дIахьедира Нохчийн Республикерчу дуккха а къаьмнийн векалех лаьтташ долу халкъ цхьаъ хилар а, цуьнан ондда барт хилар а, и халкъ вовшах къасталург

цахилар а. Иза баккъал а иштта хилар дIагайтира цул тIаьхьа еанчу хено.

Таханлера Нохчийчоь юьззина бакъонаш йолу Россин Федерацин субъект ю. Шен халкъана маьрша, ирсе, токхе, зовкхе дахар дIахIоттош ю иза. Республика къевлина яц цхьана а къомах, муьлххачу динехь волчу стагана. Муьлххачу стеган аьтто бу кхузахь Iан, ваха-ван. Цунна къеггина тоьшалла ду керла дина, тодина дIахIиттийна маьждигаш, Соьлжа-ГIали юккъехь йолу килс. Къаьмнийн юкъаметтигаш кхин а дика хилийтаран Iалашонца кхузахь дIахьо тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, къийсадаларш, хьовсарш, и.дI.кх. Нохчийчоьнан культурин а, искусствон а векалша доттагIаллин уьйрийн зIийдигаш кхиайо Россин регионашкахь а, дозанал арахьа а. Оцо дика стом а, тIаьхье а ло.

Тахана а вайн республикерчу халкъаша билгалдоккху и мехала де. Ерриге а школашкахь дIахьош ю машаран урокаш. Ткъа кегийрхойн а, юкъараллин а организацеша, пачхьалкхан предприятеша, учрежденеша яккхий акцеш дIахьош ю. Цигахь дакъалоцуш бу эзарнаш, эзарнаш бахархой. Ерриге а республикехь дIахьош ду даздарш. Ткъа коьрта даздарш Соьлжа-ГIалахь ду.

Д.АНАДЕВ   

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: