Хууш ма-хиллара, тIедогIучу 2018-чу шарахь 200 шо кхочу республикин пачхье йолу Соьлжа-ГIала йиллина. Оцу хиламна лерина дIадахьа кечдина дуккха а гIуллакхаш ду: гIалин урамаш тодар, хIолламаш цIинбар, дукхапетарш йолу гIишлош кечъяр, конкурсаш дIаяхьар, и.дI.кх.а.
Царах цхьаъ ю Нохчийн Республикин Iилманийн академис дIакхайкхийна йолу «Соьлжа-ГIала йилларан, дIахIоттаран, кхиаран историх а, историн-культурин тIаьхьалонийн хIолламех а» конкурс.
Конкурс шина декъехь дIахьур ю: «Историн-культурин тIаьхьалонийн хIолламаш» а, «Соьлжа-ГIала йилларан, дIахIоттаран, кхиаран историх» а.
Конкурсехь дакъалаца йиш ю къоначу Iилманчийн, аспирантийн, магистрийн, лаккхарчу дешаран учрежденешкахь дешначеран, нагахь санна конкурс дIаяхьаран муьрехь церан 35 шо кхаьчна дацахь.
Церан бакъо ю конкурсе Iилманийн белхаш а, монографеш а, статьяш а, документийн гуларш (куьйгалхочуьнца цхьаьна кечйина йолу) а яла.
Конкурсан коьрта Iалашо ю къона Iилманчаш а, аспиранташ а, магистраш а, студенташ а республикин пачхье а, БIаьхаллин сийлаллин гIала а йолчу Соьлжа-ГIалин юкъараллин дахарна юкъаозор, царна историн маьIнехь йолчу тIаьхьалонашна пусар дан Iамор, халкъашна юкъара барт чIагIбар, пачхье кхиорна юкъа мехала хазна йиллийтар.
Конкурсана лерина болу белхаш оханан (апрель) беттан 20-чу дийнахь схьаэца болийна а, товбецан (сентябрь) 10-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур болуш а бу.
Белхаш схьаоьцу кху адресца: Соьлжа-ГIала, М.Эсамбаевн пр., 13, Нохчийн Республикин Iилманийн академи, Гуманитарийн талламийн институт, Къилбаседа Кавказан халкъийн историн отдел, konkurs.200. grozny@mail.ru (Конкурс_2017. Претендентан фамили билгало а йолуш тIехь) болх почтехула а баийта йиш ю. Товбецан (сентябрь) беттан 10-чу дийнал тIаьхьа чубелла белхаш толлур бац.
Конкурсан жамIаш эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнахь довзуьйтур ду.
Конкурсан толамхошна хIора а номинацехь дипломаш а, ахчанан премеш а лур ю: 1-ра меттиг – 300 000 сом, 2-гIа меттиг – 200 000 сом, 3-гIа меттиг – 100 000 сом.
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо