Хьолана тIехь – хаддаза терго
НАЛЬЧИК. Юкъарароссин халкъан фронтан ГIебартойн-Балкхаройн Республикерчу жигархоша шайн хаддазчу тергонехь латтадо «ГIалахь бегIийла хьелаш кхоллар» аьлла йолу федеральни проект кхочушъяран гIуллакхаш.
Оцу Iалашонца ОНФ-н туьшан эксперташ дукха хан йоццуш цхьаьнакхийтира Нальчикехь кху шарахь меттигаш битаме ялоран муниципальни программина юкъадаханчу дукха хIусамаш йолчу цIеношкахь бехачу бахархошца. Царна юкъахь дара Неделинан урамехь долу долахойн цIа а.
Халкъан фронтан регионан штабан декъашхочо Шхануков Мурата дийцарехь, чолхе карийра фронтан векалшна цигара хьал. ГIуллакх доллура бахархойн цхьана декъана цIенна хьалха машенаш хIитто меттигаш ян лууш, ткъа важа дакъа клумбашна а, газонашна а тIе машенаш хIитторна дуьхьал хиларх. Цо иштта тидам тIебахийтира оцу цIенош чохь Iаш долчу 90 берана ловза меттиг цахиларна. Тойина яц нехашна лерина контейнерш хIиттош йолу меттигаш. Лехамашна жоп луш яц шайн лаамехь кечйина машенаш хIиттон меттигаш.
Бахархошца цхьаьнакхетар дIахьочу хенахь гIалин мэрин векалша туьшан эксперташна дош делира федеральни проект кхочушъяр дIахьочу хенахь берриге а долахойн лаамаш хьесапе эца.
Керлачу хIусамашка…
ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийн Республикехь боккха тидам тIебохуьйту Россин Президентан Путин Владимиран Майхьлера Указаш кхочушдаран гIуллакхна.
Царах цхьаъ хьакхалуш ду тишъеллачу, йоха гергаяхана хиларца билгалъяьллачу хIусамашкара бахархой керлачу хIусамашкахь баха ховшор. Оцу программица нийса а догIуш, шайна чохь дукха хIусамаш йолу 155 цIа (юкъара майда 33 эзар квадратийн метрал алсам) дохийна дIадаккха дезаш дара. Керлачу хIусамашка сатуьйсуш вара 3,5 эзар гергга стаг.
И декхар хIинцале а буьззинчу барамехь кхочушдина регионехь. Россин гIишлошъяран министерствехь чIагIдарехь, Россин 85 субъектах хьалхарчу иттанна юкъахь ю иза и программа кхочушъярехь.
Интернетан сайташ тIера хаамаш кечбинарг – Л.АБУБАКАРОВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо