Казахстан Республикин «Халкъийн доттагIалла» велопробеган чаккхе хилира Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь.

Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитетан пресс-службо хаам беш ма-хиллара, и гIуллакх лерина дара Россин а, Казахстанан а халкъашна а, тIекхуьучу тIаьхьенна а юкъахь барт а, цхьаалла а хилийтарна.
Дагадоуьйту велопробег карарчу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь Уральск (Казахстан) гIалахь дIайолаелла хилар. 30 дийнахь 2 570 километр некъ бира дакъалацархоша вилспеташкахь. Саратовн а, Волгоградан а областашкахула, Краснодаран крайхула, ерриге а Къилбаседа Кавказехула чекхбевлира уьш, йоккхачу 10 сов гIалахь а севцира.
Велоспорт езархоша дийцарехь, и мероприяти дIахьош царна дуккха а пайдехь дерг а хиъна, вовшийн довзар а хилла. Ткъа, царна хетарехь, уггаре а коьртаниг дара СНГ-н мехкашкахь садаIаран а, туризман а исбаьхьа меттигаш хиларал сов, хьошаллина тIера а, дика а адамаш дуккха а хиларх уьш кхин цкъа а тешна хилар.
I.МУРТАЗОВ
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо