«Маьлказан йиш» а, «Терко юкъ йостучохь» а

«Маьлказан йиш»

Иштта цIе йолуш ю Нохчийчохь дика вевзаш волчу поэтан, яздархочун Макалов Шамсуддин рогIера книга. Кхул хьалха нохчийн, оьрсийн меттанашкахь 8 книга араяьлла цуьнан («Боламан ирс», «Хьалхара гIулчаш», «Деши», «Тамашийна суьйре», «Суьйренан ойланаш», «БIаьстенан аьзнаш», «Малх гIаттале», «Обет») Керлачу книгина юкъадахана коьртачу декъана берашна лерина дийцарш, туьйранаш, хIетал-металш, байташ.

Шен дешхьалхенехь автора ша иштта яздо книгин чулацамах лаьцна: «Ас сайн байташкахь, дийцаршкахь, туьйранашкахь хаддаза доьху адамашка догдика, къинхетаме хилар, вайн дуьне, бер санна, вуонах лардар, вайнехан гIиллакхаш лардар, церан ларам бар, гойту сайна зеделларг а, сайн тидамаш а. Олуш ду, нехан хазахетарех воккхавен ца хууш волу стаг къен ву. Со воккхаве нехан хазахетарех. Сан кхоллараллин хьоста кхуллуш дерш дика адамаш ду. Доцца аьлча, сайн дог-ойла, дегалазам адамашка дIакховдо гIерта со».

Книга пайде хир ю берашна, ткъа иштта, церан дай-наношна, хьехархошна.

«Терко юкъ йостучохь»

Бухадиев Мусан байтийн кхоалгIа гулар ю хIара. 2004-чу шарахь «Дош – доца, муш – беха» цIе йолуш, араелира поэтан дуьххьарлера книга. Иза берашна лерина яра. 2006-чу шарахь арахийцира «Ойланийн некъаш» цIе йолу поэзин гулар.

Поэтан керлачу гуларна яздинчу хьалхарчу дашехь литературин критика Бурчаев Хьаьлима яздо: «Тахана Бухадиев Мусан цIе шуьйра йовза йоьлла нохчийн исбаьхьаллин дешан мах хадо а, цуьнан чам хууш а болчу ешархошна. «Терко юкъ йостучохь» – иштта цIе тиллина поэта шен рогIерчу гуларна. Бухадиев Мусас Терко юкъ йостучохь шен кхоллаелла ойланаш ешархойн кхиэле комаьрша охьайохку. И могIанаш тидамца боьшучарна бевзар бу шен Даймехкан кIентан Нохчийчоьне, хьомсарчу нене, массо а адамашка болу доза доцу ларам, безамо са пана даьккхинчун лаккхарчу синхаамийн оьздалла, цIеналла, хIокху дуьненан а, дахаран а доккха зеделларг долчу къонахчун хьекъале а, маьIне а хьехамаш».

Гуларна юкъаяхана Даймахках, хьомсарчу ненах, нохчийн маттах, доттагIаллах, безамах, Iаламах лаьцна йолу а, ткъа иштта берашна лерина а байташ.

Хь.ДОВКАЕВ

№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: