Асаран (июнь) беттан хьалхарчу дийнахь Зорбанан цIийнан фойе чохь «Ас дуьне-Iалам дуьллу» суьртийн гайтамца билгалдаьккхира Бераш лардаран дуьненаюкъара де. Республикин «Наша школа» берийн-кхиазхойн газетан редикцис вовшахтоьхнера и гIуллакх.
Цигахь дакъалоцуш а, мастер-классаш гойтуш а вара Россин Суьртадахкархойн союзан декъашхо, Россин культурин хьакъволу белхахо Ильясов Адам, оццу Союзан декъашхо, гIалгIайн халкъан суртдиллархо Сапаров Iела, Нохчийн Республикин «Содружество творческих сил» координационни советан куьйгалхо Бакаева Зура, иштта къона суьрташдахкархой. Дукхах болу хьовсархой студенташ бара.
Гайтаман коьрта Iалашо яра кхоллараллин искусстве берашкахь марзо кхоллар а, суьрташкахь Даймехкан Iалам, культура, истори схьагайта муха къахьега деза хаийтар а. Иштта, луучеран аьтто бара Ильясов Адамца цхьаьна суьрташ дахка а.
Хьовсархойн кхиэле дехкинера куьйга тир йоккхуш а, туьтешца а, акварельни басаршца а, бес-бесарчу къоламашца а дехкина суьрташ. Гайтаме дехкинчу суьрташка хьовсуш дехха лаьттира бераш.
ВЕГИЕВА Макка
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо