Журналан редакцин бехкенна а доцуш, цхьацца бахьанашца зорбанера арадала хьеделлера «СтелаIад». Кегий дешархой а, церан дай-наной а, хьехархой а цунна саготта а бара. Баккъал а, берийн дика доттагI хилла схьадогIуш ду иза. КхидIа журнал шен-шен хенахь арадаларе сатуьйсийла а ю хIинца. Халахеташ делахь а, кху шарахь дуьйна кхаа баттахь цкъа бен арадолуш хир дац иза.
Шеко йоццуш, бераша кхаъ хиларца тIеоьцур ю 2017-чу шеран хьалхара номер. ХIунда аьлча дуккха а къахьегна журналан редакцис берашна товр йолчу кепара иза хилийта гIерташ.
Журналан хьалхарчу агIон тIехь ду Нохчийн меттан денна леринчу вайн республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн декъалдар а, вайн гIарабевллачу поэтийн ненан маттах лаьцна байташ а. Зударийн дуьненаюкъара де билгалдоккхуш, вайн наношна лерина ю халкъан яздархочун А.Сулеймановн а, «Берийн кхолларалла» рубрикерчу берийн а байташ. Оцу денца шайн наной декъалбан масех ломал дехьа а ваьлла, лайн зезагаш дохьуш веанчу Ахьмадах а, Салманах а лаьцна ду М.Алиевн «Лайн зезагаш» дийцар.
Шина стеган къовсам баьлла хилла, царах цхьаъ хьал долуш а, важа миска а хилла. Нийсонца кхиэл яйта паччахьна тIевахана хилла и шиъ. Паччахьо диъ хIетал-метал а делла, доьалгIачу дийнахь схьа а дуьйлий, жоп ло аьлла хилла. Хьалдолчу вашас, цIа а веана, шен нене дийцина шега паччахьо дина хаттарш. Царна жоьпаш делла нанас. Ткъа мискачун цIахь ворхI шо долу йоI бен ца хилла. Шега паччахьо делла хаттарш дIадийцина цо цуьнга. ЙоIа, шек а йоцуш, жоьпаш делла царна. Ши ваша паччахьна тIевахча церан муьлхачун жоьпаш нийса хилла а, къовсамах хIун хилла а деша таро ю М.Пайзулаевас оьрсийн маттера гочдинчу «ВорхI шо долу йоI» туьйранехь.
«Дийнатийн дуьне» рубрикехь тIошках лаьцна дерг довза йиш ю берийн.
Кхин дуккха а ю журнала тIехь берашна хазахетар йолу байташ а, дийцарш а, забарш а, и.дI.кх а.
Л.ДАУТОВА
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо